1
Доладалар 15:6
Делан Йозанаш
Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира.
Compare
Explore Доладалар 15:6
2
Доладалар 15:1
И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду».
Explore Доладалар 15:1
3
Доладалар 15:5
Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».
Explore Доладалар 15:5
4
Доладалар 15:4
ТӀаккха Везачу Эло элира Ибраме: «Хьан дерг дерриг а оцу лена кхочур дац. Хьан кӀант хир ву, цунах хьан тӀаьхье а хир ю».
Explore Доладалар 15:4
5
Доладалар 15:13
Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш.
Explore Доладалар 15:13
6
Доладалар 15:2
Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Со ирс долуш хилийта хӀумма а лойла дац хьан, хӀунда аьлча сан кӀант вац. Цундела со велча, сан лена, Дамасакхера ЭлиӀазарна, кхочур ду дерриг а сан долахь дерг.
Explore Доладалар 15:2
7
Доладалар 15:18
Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тӀаьхьенна дӀалур ду хӀара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц
Explore Доладалар 15:18
8
Доладалар 15:16
Йиъ тӀаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тӀе юхадогӀур ду, хӀунда аьлча кхузахь Ӏаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хӀинца а».
Explore Доладалар 15:16
Home
Bible
Plans
Videos