1
Доладалар 32:28
Делан Йозанаш
ТӀаккха стага элира: «ХӀинца дуьйна хьан цӀе Якъуб хир яц, Исраил хир ю, хӀунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кӀел ца висира».
Compare
Explore Доладалар 32:28
2
Доладалар 32:26
Юха цо элира: «ДӀахеца со, арахь серлайолуш ю». Амма Якъуба элира: «Ахь со декъалваллалц дӀахоьцур вац».
Explore Доладалар 32:26
3
Доладалар 32:24
Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах.
Explore Доладалар 32:24
4
Доладалар 32:30
Якъуба цу меттиган цӀе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со».
Explore Доладалар 32:30
5
Доладалар 32:25
Шега Якъуб эша ца велча, цу стага, кхуьнан хенах чӀогӀа куьг а тоьхна, иза чуьрадаьккхира.
Explore Доладалар 32:25
6
Доладалар 32:27
Стага хаьттира: «Хьан цӀе хӀун ю?» «Якъуб», элира Якъуба.
Explore Доладалар 32:27
7
Доладалар 32:29
Якъуба элира: «Доьху хьоьга, хьайн цӀе йийцахь суна». Амма стага хаьттира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахь?» Цо Якъуб декъалвира.
Explore Доладалар 32:29
8
Доладалар 32:10
Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гӀаж бен хӀумма а яцара, ткъа хӀинца сан шина тобане бекъна бахам бу.
Explore Доладалар 32:10
9
Доладалар 32:32
Цундела ца юу исраилхоша ха долчуьра хьорзам, хӀунда аьлча Дала Якъубан цу меттигах куьг тоьхна дела.
Explore Доладалар 32:32
10
Доладалар 32:9
Якъуба элира: «Сан деден ИбрахӀиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тӀе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“.
Explore Доладалар 32:9
11
Доладалар 32:11
Доьху Хьоьга, сан вешех Ӏесавах со ларвехьа, хӀунда аьлча со кхоьру, ван а веана, иза суна а, зударшна а, берашна а тӀелатарх.
Explore Доладалар 32:11
Home
Bible
Plans
Videos