1
Лака 10:19
Делан Йозанаш
Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтӀанашна тӀе, лаьхьанашна а, дӀаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагӀчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хӀума дац.
Compare
Explore Лака 10:19
2
Лака 10:41-42
«Маржа яӀ, Марта, – элира Ӏийсас, – хьо дуккха а хӀуманашна гӀайгӀа бан гӀерташ ю, ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дӀадоккхур дац».
Explore Лака 10:41-42
3
Лака 10:27
Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“».
Explore Лака 10:27
4
Лака 10:2
Цо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий.
Explore Лака 10:2
5
Лака 10:36-37
Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?» Ӏеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх». Ӏийсас тӀаккха элира цуьнга: «Вало, иштта де ахь а».
Explore Лака 10:36-37
6
Лака 10:3
ДӀадуьло! Берзалойн арданга юкъа Ӏахарий санна, дӀадохуьйту Ас шу.
Explore Лака 10:3
Home
Bible
Plans
Videos