Зуда, ша гучуяьллий а хиина, ехьош тӀееана, Ӏийсана хьалха юьйжира. Массарна а хьалха дийцира цо, ша Цунах куьг хӀунда Ӏоьттира а, шена оцу сохьта гӀоле муха хилира а. ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна».