Доладалар 20
20
ИбрахӀим а, Абу-Малик а
1НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахьа дӀа а вахана, Кхадеш-гӀалина а, Шур-гӀалина а юккъехь ваха хиира ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа ГӀарар-гӀалахь Ӏийра иза. 2#Доладалар 12:13; 26:7. Цигарчу нахе Сарат шен йиша ю элира цо. ГӀарар-гӀаларчу паччахьо Абу-Малика иза шена хезча, ялхой бахийтира Сарат шена схьаяло.
3Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гӀенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хӀунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю».
4Амма Абу-Малик Саратах кхетаза вара, цундела цо элира: «Хьалдолу Эла, со бехке вац. Бехк боцу со а, сан халкъ а хӀаллакдийр ду Ахь ткъа? 5ИбрахӀима ша элира соьга: „И зуда сан йиша ю“, – аьлла. Ткъа зудчо а элира: „И стаг сан ваша ву“, – аьлла. Дог а цӀена ду сан, куьйгашца хьарамло а ца йина ас».
6ТӀаккха Дала оццу гӀенах элира Абу-Малике: «ХӀаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цӀенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо. 7ИбрахӀимна цуьнан зуда дӀало, хӀунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доӀа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахӀимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу».
8ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, массо а шен ялхо схьакхайкхира Абу-Малика. Цо хилларг дерриг а дийцира царна – ялхой чӀогӀа кхерабелира. 9Юха, ИбрахӀиме схьа а кхайкхина, элира Абу-Малика: «И хӀун ду ахь тхуна динарг? Ас хӀун вон динера хьуна? Сан пачхьалкх бехке хуьлуьйтур-кх ахь. Соьца ахь динарг деш ма ца хуьлу». 10Абу-Малика хаьттира ИбрахӀиме: «ХӀун дара хьан дагахь ахь иза дечу хенахь?»
11ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Суна моьттура, кхузахь цхьа а Делах ца кхоьру, Сарат шена йитархьама цхьаммо со вуьйр ву. 12Иза билггала сан йиша ю, тхан дена кхечу нанас йина йолу, амма ас ялийна сан зуда а ю. 13Ден цӀера дӀавигна, дуьнен чухула лела Дала со дӀахьажийча, ас элира Сарате: „Цхьа диканиг дехьа сан дуьхьа: вай миччанхьа кхаьчча а, хьо сан йиша ю алахь“».
14ТӀаккха Абу-Малика Сарат юхаелира ИбрахӀимна, цул сов цо цунна уьстагӀий а, бежанаш а, леш а белира. 15«Хьажал гонах, хӀара дерриг а сан латта ду, хьайна луъучохь Ӏе», – элира цо ИбрахӀиме.
16Юха Сарате элира: «Ас хьан вешина ИбрахӀимна цхьа эзар дато шекхал цӀе йолу ахча делла, вайна хилла дегабаам дӀабаккхархьама. Хьо массарна а хьалха бехказа ю».
17ИбрахӀима Деле доӀа дира, Абу-Маликана а, цуьнан зудчунна а, гӀарбашашна#20:17 ГӀарбаш – зуда-лай. а дарба де аьлла. Массарна а дарба а хилла, церан доьзалхой хилира. 18ХӀунда аьлча Сарат бахьана долуш хьалха Абу-Маликан цӀийнах болу массо а зударий доьзалхо ца хуьлуьйтуш бинера Везачу Эло.
Currently Selected:
Доладалар 20: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012

: