YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 3

3
Ӏийса а, Нукха-Деми а
1Нукха-Деми цӀе йолу парушхойх цхьа стаг вара. Жуьгтийн коьртачу кхеташонан декъашхо вара иза. 2Нукха-Демис, буьйсанна Ӏийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХӀунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш».
3Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгӀа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла».
4Нукха-Демис элира Ӏийсага: «Цкъа къанделла адам шолгӀа муха кхоллалур ду? Юха шен ненан кийра а ваьлла, кхоллавала-м ца веза иза?»
5Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тӀелоцийла дац цуьнан Делан Олалла. 6Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу. 7Хьо цец ма вала Ас хьайга аьллачух: „Шун шолгӀа кхолладала деза“, – аьлла. 8Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гӀовгӀа хеза, ткъа иза мичара богӀу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хӀора а Делан Синах кхоллавелларг а».
9«Ткъа иза муха хилало?» – хаьттира Нукха-Демис Ӏийсага.
10Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьуо исраилхойн Ӏелам стаг воллушехь, иза а ца хаьа-кх хьуна? 11Баккъалла а боху хьоьга, оха тхайна хуург а дуьйцу, тхайна гиначух тоьшалла а до, ткъа аша тхан и тоьшаллаш тӀе ца лоцу. 12Ас шайга лаьттахь долчух аьлча а, шу ца тешча, стигалшкахь долчух лаьцна дийцича, муха тешар ду шу? 13Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КӀант бен стигалшкара охьа а ца воьссина. 14#Лелар 21:9. Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КӀант а ву хьалаваьккхина хила везаш, 15Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама».
16ХӀунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КӀант дӀаваллал дезна Далла хӀара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хӀаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама. 17Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КӀант, ткъа Цуьнгахула дуьне кӀелхьардалийтархьама ваийтинера. 18Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КӀантах цатешарна. 19Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гӀуллакхаш Далла хьалха вон долу дела. 20ХӀунда аьлча хӀора вон дечунна серло ца еза, иза серлонга а ца воьду, шен вон гӀуллакхаш гучу ца далийтархьама. 21Ткъа Делах долчу бакъдолчуьнца вехаш верг серлонга волу, ша деш долу гӀуллакхаш Делан гӀоьнца деш хилар гайтархьама.
Ӏийса а, Яхьъя-пайхамар а
22Цул тӀаьхьа Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а ЯхӀуд-махка баьхкира. Уьш цигахь, адамаш хих чекхдохуш, севцира. 23Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Ӏейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура, 24#Маттай 14:3; Марк 6:17; Лака 3:19, 20. хӀунда аьлча цу хенахь Яхьъя хӀинца а набахти чу воллаза вара.
25Яхьъян мурдашна а, жуьгтийн динан куьйгалхочунна а юкъахь къовсам хилира. И къовсам баьллера хица цӀано яран хьокъехь дино тӀедиллина долчух. 26ТӀаккха, Яхьъяна тӀе а баьхкина, цара элира: «Устаз, хьо Йорданан вукху агӀор волуш, хьоьца хилла волу, ахь Шех тоьшалла динарг а ву-кх нах хих чекхбохуш. Ткъа массо адам Цунна тӀеоьхуш ду».
27Яхьъяс жоп делира: «Адамо хӀумма а шена тӀелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь. 28#Яхьъя 1:20. Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“. 29Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагӀа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Ӏаш, цунна хьалхара гӀуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагӀа чувогӀуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хӀинца кхочушхилла. 30Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза».
31Лакхара ОхьавогӀург массарал а лакхара ву. Кху Лаьттара ваьлларг Лаьттара ву, цо Лаьттахь долчух лаьцна дуьйцу. Ткъа стигалара Веанарг массарал а лакхара ву. 32Шена гиначух а, хезначух а тоьшалла до Цо, ткъа Цуьнан тоьшаллаш цхьаммо а тӀе ца лоцу. 33Цуьнан тоьшаллаш тӀелаьцначо шен мухӀар тохарца чӀагӀдо Дела бакъхилар. 34ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела. 35#Маттай 11:27; Лака 10:22. Дена Шен КӀант веза. Цо массо а хӀума Шен КӀентан кара дӀаделла. 36КӀантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КӀантана муьтӀахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгӀазло а йолуш ю цунна тӀехь#3:36 Ткъе уьтталгӀачу аятан чаккхенан метта ма-дарра къамел кхузахь чекхдала мегара..

Currently Selected:

Яхьъя 3: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in