Лака 13
13
Дохко а довлий, Далла тӀе дерза, шайна хӀаллакьхила ца лаахь
1Оцу хенахь цхьана наха, тӀе а баьхкина, Ӏийсана дийцира Делан цӀийнан кертахь байинчу галилайхойх лаьцна. Пулата и омра далар бахьана долуш, оцу нехан цӀий цара сагӀа доккхуш яйинчу бежанийн цӀийца эделлера. 2Ӏийсас элира баьхкинчаьрга: «Иштта байина болу и нах вукху галилайхойл къинош сов долуш бара-м ца моьтту шуна? 3ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма нагахь санна шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна, шу а хӀаллакьхир ду. 4Шуна моьтту хир ду, Шилонан бӀов тӀе а йоьжна, велла волу берхӀитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара? 5ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна хӀаллакьхир ду».
Стом ца лато дитт
6Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дӀадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тӀехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна. 7ТӀаккха кемсаш лелош волчу шен белхалочуьнга аьлла цо: „КхозлагӀа шо ду со кху дитте хьоьжу, амма стоьмаш ца латийна кху тӀе. Охьа а тохий, дӀадаккха хӀара, кхуьнга эрна меттиг дӀа а ца лоцуьйтуш“, – аьлла. 8Амма белхалочо жоп делла цуьнга: „ХӀусамда! Кхин цхьана шарахь а дитахьа хӀара. Ас, го а аьхкина, кхелли а йиллина, болх бийр бара. 9ХӀун хаьа, юха шарахь стоьмаш лато а ма мега кху тӀе? Ткъа ца латадахь, и дитт дӀадоккхуьйтур ду ахь“, – аьлла».
Шоьтан дийнахь зуда тояр
10Цхьана гуламан цӀа чохь шоьтан дийнахь хьехам беш вара Ӏийса. 11Букара хьаьвзина, букъ хьала ца нислуш, цхьа зуда яра цу чохь, берхӀитта шарахь шеца жинийн цамгар йолуш. 12И ган а гина, тӀекхайкхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Йиша! Хьо хьайн цамгарх паргӀатъяьлла», – аьлла. 13Цо куьйгаш лецира зудчунна тӀехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тӀаккха Далла хастамаш бан хӀоьттира.
14 # Арадаккхар 20:9, 10; Карлабаьккхинарг 5:13, 14. И дерриг гина, гуламан цӀийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Ӏийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догӀуш», – аьлла.
15Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш? 16БерхӀитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахӀиман тӀаьхьенах йолу хӀара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргӀатъяла мегаш яц?» – аьлла. 17Цо и аьлча, Цунна дуьхьалболчу нахана эхь хийтира. Ткъа чохь берш самукъадаьлла, хазахеташ бара Ӏийсас и тамашийна гӀуллакхаш дарх.
ХӀух а, морзанах а лаьцна хьекъале дустарш
(Маттай 13:31, 32; Марк 4:30-32)
18Цул тӀаьхьа Ӏийсас хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Муха ду иза? 19Иза стага шен бешахь дӀадийначу уггар жимачу хӀуьнах тера ду. Цу хӀуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тӀехь».
20Кхин цкъа а хаьттира Ӏийсас: «Кхин стенца дуста мегар ду Делан Олалла? 21Иза морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».
Готта неӀ
(Маттай 7:13, 14, 21-23)
22ГӀаланашкахула, ярташкахула чекхвуьйлуш, Ярушалайме воьдуш вара Ӏийса. Шен новкъахь нахана хьехам бора Цо. 23Цкъа цхьаммо хаьттира Цуьнга: «Эла! Иштта кӀезиг бу теша кӀелхьарбовлуш берш?»
Ӏийсас элира гулбеллачаьрга: 24«Готтачу неӀарехула чекхдовла хьовса, хӀунда аьлча, Ас боху шуьга чубаха гӀиртинчех, дукхахберш чекхбовлалур бац. 25ХӀусамдас неӀ дӀакъевлича, шу арахь дуьсур ду. И неӀ етташ, дехар дийр ду аш: „Эла! ДӀаеллахьа тхуна“, – бохуш. Амма Цо эр ду шуьга: „Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа“. 26ТӀаккха аш эр ду: „Оха Хьоьца яа а йиинера, мала а меллера, Ахь тхан урамашкахь хьехамаш а бинера тхуна“, – аьлла. 27#Забур 6:9. Амма Цо эр ду: „Ас боху шуьга, Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа. Шу массо а харцончаш ду, дӀадовла Суна юххера!“ 28#Маттай 22:13; 25:30. #Маттай 8:11, 12. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду. Шуна гур бу Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь болчарна юкъахь ИбрахӀим а, Исхьакх а, Якъуб а, берриш пайхамарш а, ткъа шу цигара лохкур ду. 29Малхбалехьара, малхбузехьара, къилбаседехьара, къилбехьара баьхкинчу наха хиндолчу тойнехь, Делан Олаллехь, шайн меттигаш дӀалоцур ю. 30#Маттай 19:30; 20:16; Марк 10:31. Амма кхузахь цхьаболу тӀаьххьара хилларш цигахь хьалхара хир бу, цхьаболу хьалхара хилларш тӀаьххьара хир бу».
Ярушалайм бахьана долуш гӀайгӀане хилар
(Маттай 23:37-39)
31Оцу хенахь Ӏийсана тӀевеанчу масех парушхочо элира: «Кхузара дӀаваьлла, кхечу метте ваха веза Хьо – ХӀарод ву Хьо вен гӀерташ», – аьлла.
32Ӏийсас жоп делира: «Даха а гӀой, цхьогало санна, зулам деш волчуьнга дӀаала: „Ас жинаш дӀа а лохкур ду, нахана дарбанаш а дийр ду тахана а, кхана а, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Сайн болх чекхбоккхур бу“. 33Делахь а, хӀуъа хилахь а, Сан тахана а, кхана а, лама а лела деза, хӀунда аьлча пайхамар Ярушалаймал арахьа вала йиш йолуш вац.
34Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. 35#Забур 117:26. ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»
Currently Selected:
Лака 13: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012

: