Лака 19
19
Ӏийса а, Закай а
1Цул тӀаьхьа Ӏийса Ерихон-гӀалахула чекхволуш вара. 2Цу гӀалахь вехаш вара ял гулъечеран хьаькам а волуш, хьал долуш цхьа стаг. Цуьнан цӀе Закай яра. 3Закайна чӀогӀа лаьара Ӏийса ган, амма дегӀана жима волу дела, нахана тӀехула ца хьажалора иза. 4Ведда хьалха дӀа а вахана, цхьана комарийн дитта тӀе хьалавелира иза, тӀехволу Ӏийса гархьама, хӀунда аьлча Ӏийса цигахула дӀаваха везаш вара. 5Закай волчу метте тӀевеана, хьала а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Закай, сихха чувосса! Хьо волчохь саца веза Со тахана».
6Вукхо, сиха чу а воьссина, хазахетарца тӀеийцира Ӏийса шен хӀусамехь. 7И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хӀусаме хьошалгӀа веа-кх Иза».
8Закайс, хьала а гӀаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дӀалур бу, нагахь ас цхьана хӀумана тӀехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахӀоттор ду!»
9Ӏийсас элира: «Тахана къинхетам боьссина кху хӀусаме, хӀунда аьлча иза а ИбрахӀиман кӀант ву. 10#Маттай 18:11. Адамийн КӀант дайнарг каро а, кӀелхьардаккха а веана ма ву».
Итт дашо ахчанах лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 25:14-30)
11ЛадугӀучарна Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хӀинццехь гучудаьлла хир ду. 12Ӏийсас дийца долийра: «Паччахьан цӀийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чӀагӀ а йина, вухаверзархьама. 13Ша дӀавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хӀара ахча пайда хуьлучу гӀуллакхна хьажаде“. 14Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тӀаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дӀахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, – аьлла.
15Паччахь а хилла, ша вухавеача, цу стага схьакхайкхийтира шен ялхошка. Цаьрга, шен ахчанах хӀун пайда хилла аьлла, хаьттира цо. 16Хьалхарчу ялхочо, ван а веана, элира: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано итт дашо ахча пайда бина“, – аьлла. 17ХӀусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кӀел итт гӀала ло ас“. 18ШолгӀачо аьлла: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано пхи дашо ахча пайда бина“. 19„Хьо пхеа гӀалина тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво ас“, – аьлла цуьнга паччахьо. 20-21Схьавеана, кхозлагӀчо аьлла: „Эла! ХӀара ду хьан дашо ахча, со хьох кхоьру дела, йовлакха юкъахь Ӏалашдинера ас иза, хӀунда аьлча хьо къиза стаг ву: айхьа дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцу ахь, айхьа дӀа ца дийначуьра ялта хьокху ахь“, – аьлла. 22Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцуш а, айса дӀа ца дийначуьра ялта хьокхуш а. 23Со цӀа вале оцу ахчанах суна пайда хӀунда ца бира ахь, тӀе са а йоккхуш иза юхалург делла а?“ – аьлла. 24ТӀаккха уллохь лаьттачаьрга элира цо: „Схьаэца цуьнгара дашо ахча, дӀало иза итт дашо ахча пайда бинчунна“, – аьлла. 25Ялхоша элира: „Эла! Цуьнгахь итт дашо ахча долуш ма ду“, – аьлла. 26#Маттай 13:12; Марк 4:25; Лака 8:18. Паччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду. 27#Маттай 25:14-30. Ткъа аса шайна тӀехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагӀий, схьа а балабай, хӀокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла».
Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
(Маттай 21:1-11; Марк 11:1-11; Яхьъя 12:12-19)
28Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Ӏийса. 29Зайт-диттийн ломан басенашкахь Ӏохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а гӀаланашна тӀекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тӀе декхар а диллина: 30«Шайна хьалха лаьттачу юьрта дӀагӀо. Шу юьрта чу довллушехь, цхьа а стаг тӀе а хааза, дӀайихкина къона вир карор ю шуна, схьа а ястий, иза кхуза схьаялае. 31Цхьамма шайга хаттахь: „Схьа хӀунда йосту аш иза?“ – аьлла, „Элана оьшу хӀара“, – эр ду аш».
32ДӀабаханчу мурдашна, Ӏийсас ма-аллара, карийра дерриг а. 33Цара вир схьайостучу хенахь, хӀусамдайша хаьттира: «Вир схьа хӀунда йосту аш?» – аьлла.
34Кхара жоп делира: «ХӀара Элана оьшу», – аьлла. 35Мурдаша, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедар а кхоьссина, Ӏийса тӀехаийра. 36Иза новкъа вогӀуш, цара шайн бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура.
37Зайт-диттийн лам тӀера некъ охьабоьрзучу меттехь берриг мурдаш самукъадаларца, мохь туххуш Далла хастамаш бан буьйлабелира, шайна мел гина тамашийна гӀуллакхаш бахьана долуш: 38#Забур 117:26. «Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш.
39Нахана юкъара цхьаболчу парушхоша элира Ӏийсага: «Устаз! Совцабе Хьайн мурдаш!» – аьлла.
40Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тӀулгаша а маьхьарий деттар ду».
Ӏийсан Ярушалаймах болу тийжам
41Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гӀала а гина, Ӏийсан бӀаьргех хи делира. 42Цо элира: «Маржа-яӀ! ХӀокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хӀун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бӀаьргех. 43Цхьа денош догӀур ду, мостагӀаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агӀор хьо къовлуш. 44ТӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».
Делан цӀийнан керт цӀанъяр
(Маттай 21:12-17; Марк 11:15-19; Яхьъя 2:13-22)
45Делан цӀийнан керта а веана, цигара мах беш болу нах дӀалахка волавелира Ӏийса. 46#ЕшаӀ-ЯхӀу 56:7; Ярми-ЯхӀу 7:11. «Яздина ду, – бохура Цо цаьрга, – „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“, – аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина».
47 #
Лака 21:37. Ӏийсас хӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а Ӏийса хӀаллакван лууш бара. 48Амма церан аьтто ца болура, хӀунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хӀора Цуьнан даше ладугӀуш.
Currently Selected:
Лака 19: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012