YouVersion Logo
Search Icon

Лака 21:25-27

Лака 21:25-27 CHE

«Малха тӀехь, батта тӀехь, седарчаш тӀехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хӀордан тулгӀенийн гӀовгӀано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду. Лаьтта тӀе буссур болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела. ТӀаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тӀехула вогӀу Адамийн КӀант“.