Лака 22
22
Ӏийса вен бина болу барт
(Маттай 26:1-5; Марк 14:1, 2; Яхьъя 11:45-53)
1 # Арадаккхар 12:1-27. Шех «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де дара тӀекхочуш. 2Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а аьтто лоьхуш бара Ӏийса хӀаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура. 3ТӀаккха ЯхӀудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхӀуд Ӏийсан шийтта векалх цхьаъ вара. 4Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашна а тӀе а вахана, Ӏийса царна дӀаваларх лаьцна къамел дира. 5Самукъадаьлла, цунна ахча дала барт хилира церан. 6ЯхӀуд иза схьаэца реза хилира. Ӏийса царна дӀавала аьтто лоьхура цо, Цунна уллохь халкъ доцучу хенахь.
Ӏийсас Шен мурдашца Пасахьан пхьор даа кечам бар
(Маттай 26:17-25; Марк 14:12-21; Яхьъя 13:21-30)
7Совсазчу баьпкан деза де тӀекхечира. Цу дийнахь Пасахьан Ӏахар бен безаш бара – яа хӀума кечъян. 8Ӏийсас Кипий, Яхьъяй вахийтира: «Ваха а гӀой, шиммо а вайна Пасахьана дууш долу суьйренан пхьор кечде», – аьлла.
9«Мичахь кечдан лаьа Хьуна иза?» – аьлла, хаьттира цара.
10Цо элира: «ГӀала чу вулуш, кхаби чохь хи дахьаш вогӀу стаг дуьхьалкхетар ву шуна. Цунна тӀаьххье иза вахханчу цӀа чу гӀо. 11ХӀусамдега эр ду аша: „Устазо хоьтту: Шен мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“ 12Цо шуна лакха тӀехь кечйина йоккха чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш».
13Цара, дӀа а бахана, Цо ма-бохху дерриг кара а дина, Пасахьана кечам бира.
Везачу Элан пхьор
(Маттай 26:26-30; Марк 14:22-26; 1 Коринтхошка 11:23-25)
14Хан тӀекхаьчча, Ӏийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира. 15Ӏийсас элира цаьрга: «Сайн бала тӀелацале, хӀара Пасахьан Ӏахар чӀогӀа шуьца баа лиънера Суна. 16Ас боху шуьга: хӀара Пасахь Ас дуур дац, Иза Делан Олаллехь кхочушхиллалц».
17Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, элира: «Схьа а эций, шайна юкъахь декъа хӀара. 18Ас боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Делан Олаллин де тӀекхаччалц».
19Цо, бепиг схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дӀаделира: «Сан дегӀ ду хӀара, шун дуьхьа дӀалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш». 20#Ярми-ЯхӀу 31:31-34. Шаьш пхьор диина девлча, Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Ӏанор долчу Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара.
21 #
Забур 40:10. Суна ямарта волчун куьг а ду Сайчунна уллохь стоьла тӀехь. 22Адамийн КӀантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг».
23ТӀаккха уьш вовшашка хетта буьйлабелира, Ӏийсана ямарта верг мила ву бохуш.
Коьртаниг мила ву аьлла, дина къамел
24 #
Маттай 18:1; Марк 9:34; Лака 9:46. Цул тӀаьхьа мурдаш къийса буьйлабелира, шайна юкъахь коьртаниг мила ву аьлла. 25Ӏийсас элира цаьрга: «Кхечу къаьмнийн паччахьаша шайн адамаш тӀехь олалла до, Ӏедал карахь долу нах кхечарна комаьрша хета, 26#Маттай 23:11; Марк 9:35. #Маттай 20:25-27; Марк 10:42-44. амма шу иштта хир дац. Мелхо а, шуна юкъахь лакхара верг жиманиг санна хила, ткъа хьаькам верг – ялхо санна хила. 27#Яхьъя 13:12-15. Коьртаниг мила ву: стоьла улло хиина юуш верг я цунна оьшург тӀеяхьаш, гӀуллакх деш верг? Юуш верг вац? Ткъа Со шуна юкъахь ялхо санна ву.
28Шу Сан массо а халонех Соьца чекхдевлла, 29Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара. 30#Маттай 19:28. Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тӀехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшор ду Ас».
Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар
(Маттай 26:31-35; Марк 14:27-31; Яхьъя 13:36-38)
31Везачу Эло элира: «Ва ШамӀа! Иблис шу, кӀа санна, дӀасакхийсина хила лууш ду, 32амма хьох Ас доӀа дина, хьан Делах тешар лагӀ ца далийта. Ахь-айхьа, хьо Далла тӀе юхавирзича, хьайн вежарийн Делах тешар чӀагӀделахь».
33Кипас жоп делира: «Эла! Со Хьоьца набахте ваха а, вала а кийча ву!» – аьлла.
34Амма Ӏийсас элира: «Ас боху хьоьга, Кипа, тахана Ӏуьйранна нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо, Со хьайна ца вевза аьлла».
Бохча а, тӀоьрмаг а, тур а
35 #
Маттай 10:9, 10; Марк 6:8, 9; Лака 9:3; 10:4. Юха Цо хаьттира мурдашка: «Ас шу бохча а, тӀоьрмаг а, мачаш а йоцуш дахийтича, хӀумма а оьшурий шуна?»
«Ца оьшура», – элира цара.
36«ХӀинца, шайн делахь, бохча а схьаэца, тӀоьрмаг а схьаэца, шайн тур дацахь, коч йохкий а, тур эца. 37#ЕшаӀ-ЯхӀу 53:12. Яздина ду: „Иза зуламхойх дӀатуьйхира“. Ас боху шуьга: иза Соьца хир ду. Дерриг а Сох яздинарг хӀинца кхочушхуьлуш ду».
38Цара элира: «Эла! Хьажахьа, тхоьгахь ши тур ду», – аьлла.
«Тоьар ду цунах лаьцна», – жоп делира Ӏийсас.
Ӏийсас Зайт-диттийн лам тӀехь доӀа дар
(Маттай 26:36-46; Марк 14:32-42)
39Гуттар а Ша ма-ваххара, Зайт-диттийн лам тӀе вахара Ӏийса. Мурдаш а бахара Цуьнца. 40Шаьш дӀакхаьчча, Ӏийсас элира: «ДоӀа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».
41Ша а царна тӀулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доӀа дан хӀоьттира: 42«Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». 43Стигалара деанчу малико дог чӀагӀдира Цуьнан. 44Халачу хьолехь кхин а чӀогӀа доӀа дан хӀоьттира Ӏийса. Цуьнан хьацар, цӀийн тӀадамаш санна, лаьтта оьгура.
45ДоӀа дина а ваьлла, мурдашна тӀевахара Иза. ГӀайгӀано дог дохийна, гӀелбелла, бийшина Ӏохкуш карийра Цунна уьш. 46«Шу дийшина хӀунда Ӏохку? – хаьттира Ӏийсас – ХьалагӀовтта, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».
Ӏийсана ямартло яр а, Иза схьалацар а
(Маттай 26:47-56; Марк 14:43-50; Яхьъя 18:3-11)
47Ӏийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогӀура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхӀуд. Иза Ӏийсана тӀевеара – Цунна барт баккха. 48Ӏийсас хаьттира: «ЯхӀуд, барт а боккхуш, ямарта волуш ву хьо Адамийн КӀантана?»
49Ӏийсаца болчара, гӀуллакх муха ду а гина, хаьттира: «Эла, тарраш схьаэца оха?» – аьлла. 50Царах цхьаммо тур тоьхна динан коьртачу ден ялхочун аьтту лерг даьккхира.
51Амма Ӏийсас элира: «Собар де, тоьар ду!» Цо, куьг Ӏоьттина, лерг тодира цу стеган.
52Юха Ша лаца баьхкинчу динан коьрта дайшка а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашка а, баккхийчаьрга а элира Цо: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу! 53#Лака 19:47; 21:37. ХӀора дийнахь шайца Со Делан цӀийнан кертахь волуш, Суна тӀе куьг ма ца ойура аш. Амма хӀинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан».
Кипас Ӏийса дӀатасар
(Маттай 26:57, 58, 69-75; Марк 14:53, 54, 66-72; Яхьъя 18:12-18, 25-27)
54Цара Ӏийса, схьа а лаьцна, динан коьртачу ден цӀа чу вигира. Кипа, царна гено тӀаьхьа а хӀоьттина, вахара. 55Гулбелларш, кертахь цӀе а латийна, бохлуш хевшина Ӏаш бара. Кипа а вара царна юкъахь хиъна Ӏаш. 56Цхьана йоӀана-ялхочунна гира иза цӀера юххехь Ӏаш. Леррина Кипе а хьаьжна, цо элира: «И стаг а вара Цуьнца».
57Амма Кипас элира: «Зуда, суна ца вевза Иза».
58Жимма тӀаьхьо цхьаммо, хӀара гина, элира: «Хьо а ву царах цхьаъ».
«ХӀан-хӀа, вац», – жоп делира Кипас.
59Кхин цхьа сахьт хан яьлча, кхин цхьаммо а, тӀедожош, элира: «ХӀара билггала хилла Ӏийсаца, хӀунда аьлча хӀара а галилайхо ву».
60Кипас дуьхьало йира: «Стаг, ахь хӀун дуьйцу ца хаьа суна», – аьлла.
Цуьнан къамел чекх а далале, нӀаьна кхайкхира. 61Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тӀе хьаьжира. ТӀаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь». 62Кипа, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
ТӀемалоша Ӏийсана ницкъбар
(Маттай 26:67, 68; Марк 14:65)
63Ӏийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара. 64Цара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а боьхкий, тоха а тухий, хоттура: «Хьо пайхамар велахь, дийцал, хьан тоьхна Хьуна?» 65Кхин дуккха а Иза сийсазвеш долу хӀуманаш дуьйцура цара.
Кхеташонехь барт хаттар
(Маттай 26:59-66; Марк 14:55-64; Яхьъя 18:19-24)
66Ӏуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Уьш болчу валийра Ӏийса. 67«Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», – бохура цара.
Ӏийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац. 68Нагахь Ас шуьга хаттахь, аш а Суна жоп лур дац. 69Амма хӀинца дуьйна дӀа Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏийр ву».
70Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КӀант ву ткъа?»
Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву».
71ТӀаккха цара элира: «Кхин хӀун тоьшаллаш оьшу кхузахь? Цуьнан багара схьадаьлла иза хези-кх вайна!»
Currently Selected:
Лака 22: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012