Лака 7:7-9
Лака 7:7-9 CHE
ХӀунда аьлча ас со Хьуна дуьхьал ван а хьакъ ца лору. Амма Ахь цхьа дош аьлча, сан ялхо толур вара. Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гӀуллакх до». Оцу дешнашка ла а доьгӀна, чӀогӀа цецваьллачу Ӏийсас, юха а вирзина, Шена тӀаьхьа богӀучу нахе элира: «Ас боху шуьга, исраилхошна юкъахь а ца гина Суна оцу стеган санна Делах тешар».