1
Доладалар 7:1
Делан Йозанаш
ТӀаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хӀунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна.
Sammenlign
Udforsk Доладалар 7:1
2
Доладалар 7:24
Ткъа хи чӀагӀлуш лаьттира лаьттахь цхьа бӀе шовзткъе итт дийнахь.
Udforsk Доладалар 7:24
3
Доладалар 7:11
Нохьин ялх бӀе шо а кхаьчна, шолгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь дӀаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дӀасаекъа а елла, лаьтта тӀе доккха догӀа деара.
Udforsk Доладалар 7:11
4
Доладалар 7:23
Лаьттахь хӀора садоӀуш мел йолу хӀума хӀаллакьхилира. ХӀаллакьхилла дӀадевлира адамаш а, даьхни а, текхаргаш а, стигалан олхазарш а. Иштта хӀаллакдира Дала лаьттахь мел хилла хӀума а. Нохьа а, цуьнца хинкеман чохь берш а бен дийна ца бисира.
Udforsk Доладалар 7:23
5
Доладалар 7:12
(И догӀа деара шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий).
Udforsk Доладалар 7:12
Hjem
Bibel
Læseplaner
Videoer