Доладалар 8:21-22
Доладалар 8:21-22 CHE
И тамехь йолу хаза хьожа дӀакхечира Далла. ТӀаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неӀалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хӀаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хӀума. ХӀинца дуьйна, латта мел ду, цу тӀехь ялта дӀадер а, хьакхар а, шело а, йовхо а, аьхке а, Ӏа а, де а, буьйса а хийцадалар соцур дац».