1
Яхьъя 1:12
Делан Йозанаш
Ткъа, Ша тӀе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо.
Uporedi
Istraži Яхьъя 1:12
2
Яхьъя 1:1
Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара.
Istraži Яхьъя 1:1
3
Яхьъя 1:5
И серло боданехь къега. Бодано и серло эша а ца йина.
Istraži Яхьъя 1:5
4
Яхьъя 1:14
Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.
Istraži Яхьъя 1:14
5
Яхьъя 1:3-4
Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хӀумма а ца кхоьллина. Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра.
Istraži Яхьъя 1:3-4
6
Яхьъя 1:29
ШолгӀачу дийнахь, шена тӀевогӀу Ӏийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХӀара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тӀе а лаьцна, уьш дӀадахьа баийтина Ӏахар бу.
Istraži Яхьъя 1:29
7
Яхьъя 1:10-11
Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера, амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира. Шен махка веара Иза, ткъа шечара а И тӀе ца ийцира.
Istraži Яхьъя 1:10-11
8
Яхьъя 1:9
И бакъйолу Серло дуьнен чу йогӀуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху.
Istraži Яхьъя 1:9
9
Яхьъя 1:17
ХӀунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула деана ду.
Istraži Яхьъя 1:17
Početna
Biblija
Planovi
Video zapisi