1
Яхьъя 12:26
Делан Йозанаш
Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».
Uporedi
Istraži Яхьъя 12:26
2
Яхьъя 12:25
Шен са дезачо иза хӀаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Ӏалашдийр ду иза.
Istraži Яхьъя 12:25
3
Яхьъя 12:24
Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кӀен буьртиг лаьтта боьжча, хӀаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хӀаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо.
Istraži Яхьъя 12:24
4
Яхьъя 12:46
Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама.
Istraži Яхьъя 12:46
5
Яхьъя 12:47
Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХӀунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кӀелхьардаккха веана ву.
Istraži Яхьъя 12:47
6
Яхьъя 12:3
ТӀаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Ӏийсан когаш тӀе доьттира. Цул тӀаьхьа шен коьртара месашца Ӏийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цӀа хаза хьожа йогӀучу даьттанан хьожанах дуьзира.
Istraži Яхьъя 12:3
7
Яхьъя 12:13
Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Ӏийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХӀашанна! Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Исраилан Паччахь!»
Istraži Яхьъя 12:13
8
Яхьъя 12:23
Ӏийсас, жоп луш, элира цу шинга: «ТӀекхаьчна Адамийн КӀентан сийлалла дӀагойту сахьт.
Istraži Яхьъя 12:23
Početna
Biblija
Planovi
Video zapisi