YouVersion logo
Dugme za pretraživanje

Лака 14

14
Чкъура кӀел хи хӀоьттина стаг туовар
1Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хӀума яа ваханера Ӏийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга. 2Цигахь Цунна дуьхьал нисвелира цхьа стаг. Иза, чкъура кӀел хи а хӀоьттина, оцу цамгарх чӀогӀа бала хьоьгуш вара. 3ТӀаккха Ӏийсас хаьттира Ӏеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?»
4Уьш бист ца хилира. Ӏийсас, цунах куьг а Ӏоьттина, цомгушчунна дарба а дина, иза дӀавахийтира. 5#Маттай 12:11. Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кӀант я, масала, сту гӀуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?»
6Церан Кхуьнга ала хӀумма а дацара.
Хьешашна а, хӀусамдена а дина хьехар
7Ӏийсас тидам бира хьошалгӀа кхайкхина нах баьрччехь йолу меттигаш дӀалаца гӀертар. Цо тӀаккха царна цхьа хьекъале хӀума дийцира: 8#Кицанаш 25:6, 7. «Хьо цхьанхьа зуда ялийначу метте кхайкхина велахь, баьрчче хаа ма гӀерта, хӀунда аьлча хьол лоруш волу стаг а кхайкхина хила там бу цига. 9ТӀаккха хьо а, иза а кхайкхинчу хӀусамдас, тӀе а веана, хьоьга эр ду: „ХӀокху стагана меттиг ло“, – аьлла. Нахана хьалха юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, уггар йистера меттиг дӀалаца езар ю хьан. 10Хьо хьошалгӀа кхайкхинчу хӀусамехь неӀарера меттиг дӀалаца, хӀусамдега, хьайна тӀе а веана, алийта: „ДоттагӀа! Вало, хьуьлла баьрчче хаа“, – аьлла. ТӀаккха вукху хьешашна хьалха хьан ларам хир бу, 11#Маттай 23:12; Лака 18:14. хӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
12Цул тӀаьхьа Ша кхайкхинчу хӀусамдега Ӏийсас элира: «Айхьа нах хӀума яа чукхойкхуш, хьайн доттагӀий а, вежарий а, гергара нах а, хьалдолу лулахой а ма кхайкха, хӀунда аьлча церан таро ю хьо чукхайкха а, шайна дина дика юхадан а. 13Айхьа шун хӀоттош, къенаш, заьӀапнаш, астагӀнаш, бӀаьрзенаш кхайкха. 14Хьо декъала хир ву, хӀунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза».
Доккхачу тойнах лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 22:1-10)
15И хӀума хезча, чохь болчех цхьаммо элира: «Декъала ву Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь кхачанах кхеттарг!»
16ТӀаккха Ӏийсас дийцира: «Цхьана стага доккха той а хӀоттийна, дуккха а хьеший кхайкхина. 17Той дӀадоло хан тӀекхаьчча, шен ялхо вахийтина цо шуьне кхайкхинчаьрга дӀаала: „Схьадуьйла, дерриг а кийча ду“, – аьлла. 18Амма хьеший, цхьаъ санна, бехказа бийла хӀиттина. Хьалхарчо аьлла: „Ас латта эцна, вахана цуьнга хьажа дезаш ву со, доьху хьоьга, къинтӀера валахь суна“. 19ШолгӀачо аьлла: „Ас пхи шуьста эцна, и стерчий дӀа а доьжна, мега ца мега хьажа воллура со. Суна къинтӀера валахь“, – аьлла. 20КхозлагӀчо аьлла: „Ас зуда ялийна, цундела вогӀийла дац сан“, – аьлла. 21Вухавеанчу ялхочо хӀусамдега и дерриг дӀааьлла. ТӀаккха оьгӀазваханчу хӀусамдас шен ялхочуьнга буьйр дина: „Хьада, чехкка гӀалин урамашкахула а, майданашкахула а чекхвалий, схьабалабе кхуза къенаш, заьӀапнаш, бӀаьрзенаш, астагӀнаш“. 22Юха а веана, ялхочо аьлла: „ХӀусамда! Ахь ма-аллара, дерриг а ас кхочушдина, амма кхин а меттиг ю цӀа чохь“. 23ТӀаккха хӀусамдас юха а тӀедожийна ялхочунна: „Ваха а гӀой, гӀалара аравалий, новкъахь а, керташкахь а гинарг схьавалаве, сан цӀа хьешех дуьззина хилийта. 24Амма, ас боху шуьга, хьалха кхайкхинчех цхьаъ хир вац сан тойнехь“».
Ӏийсан мурд хиларан мах
(Маттай 10:37, 38)
25Ӏийсаца йогӀуш адамийн йоккха тоба яра. Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: 26#Маттай 10:37. «Стаг Суна тӀаьхьахӀоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь. 27#Маттай 10:38; 16:24; Марк 8:34; Лака 9:23. Шен баланийн мохь#14:27 Баланийн мохь – бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: жӀаран бӀогӀам. схьаэца реза а воцуш, Суна тӀаьхьавогӀург Сан мурд хила йиш йолуш вац. 28Масала, шух цхьаъ бӀов ян лууш ву. Охьа а хиина, шен хин йолу харж лорур яц цо, гӀишло чекхъяккха ахча тоьар ду дац хьажа? 29Цо, бух а боьттина, дӀаерзо ницкъ а ца кхаьчна, гӀишло йолийначохь йитича, массо а и гуш верг воьлур ма ву цунах. 30Цара бохур дара: „ХӀокхо гӀишло йолийначохь чекх а ца яккхалуш йитира“, – бохуш. 31Я, масала, цхьа паччахь ву тӀом бан кечлуш. Цкъа, охьа а хиъна, ойла йийр ю цо, шен итт эзар стаг волчу эскарца ткъа эзар стагаца тӀевогӀучунна дуьхьало ялур ю, я яц аьлла. 32Нагахь шен ницкъ кхочур бац аьлла, цунна хетахь, мостагӀа генахь волччуьра, цо векалш бохуьйтур бу машар боьхуш. 33Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хӀора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун.
34Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, стен хуьлуьйтур ду иза юха а дуьра? 35Иза я лаьттах а, я кхеллех а тоха пайденна дац, дӀакхоссан бен. Лергаш долчунна хӀара хезийла!»

Trenutno izabrano:

Лака 14: CHE

Istaknuto

Podijeli

Kopiraj

None

Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi