Лака 15
15
Байначу уьстагӀах лаьцна хьекъале дустар
(Маттай 18:12-14)
1 #
Лака 5:29, 30. Ӏийсага ладогӀа дуккха а адамаш: ял гулъешберш а, къинош летийнарш а тӀеоьхура. 2Парушхой а, Ӏелам нах а резабоцуш, гӀовгӀа еш бара: «ХӀокху стага къинош летийна адамаш тӀе а оьцу, цаьрца хӀума а йоу», – бохуш. 3ТӀаккха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра.
4«Мила ву шух, шайн бӀе уьстагӀ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц? 5Ткъа иза карийча, самукъадаьлла, белшаш тӀе а биллина, цӀа бахьар бу. 6ДоттагӀий а, лулахой а схьа а кхайкхина, уьстагӀ болчо эр ду: „Даккхийде вай цхьаьна, суна сайн байна уьстагӀ карийна!“ 7Масала, дохковала бахьана доцуш, Делан лаамехь а волуш везткъе ткъайоьсна стаг ву. Ас боху шуьга, оцу нахана чул, къинош а летийна, юха дохковаьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагана алсам баккхийбийр бу стигалшкахь берш».
Дайначу ахчанах лаьцна хьекъале дустар
8«Масала, цхьана зудчун драхма цӀе йолу итт дато ахча ду. Царах цхьаъ дайча, стогар а латийна, чохь нуй а хьоькхуш, леррина и лохур ма ду цо, иза карадаллалц. 9Ткъа иза карийча, доттагӀий а, лулахой а схьа а кхайкхина, цо эр ду: „Даккхийдейша соьца: суна дайна ахча схьакарийна!“ 10Ас боху шуьга, лелийначунна дохко а ваьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагах а Делан маликийн самукъадалар иштта хуьлу».
Байначу кӀентех лаьцна хьекъале дийцар
11Кхин а дийцира Цо: «Цхьана стеган ши кӀант хилла. 12Жимах волчу кӀанта шен дега аьлла: „Дада! Хьайн бахамах суна догӀу дакъа схьалохьа“. Дас шина кӀантана бекъна бахам. 13Дукха хан ялале, жимах волу кӀант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо. 14Ткъа шадерриг и дайина ваьлча, цу махкахь чӀогӀа мацалла хӀоьттина. Иза таро йоцуш висна. 15ТӀаккха, вахана, цу махкарчу цхьана стагана чухӀоьттина иза. Вукхо хӀара хьакхарчий яжо вахийтина шен аренашка. 16Мацалло бӀарзвина, хьакхарчаша бууш болу акха стоьмаш биина а, шен гай дузо лууш хилла хӀара, амма цхьаммо а кхунна уьш луш ца хилла. 17Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цӀахь, церан массеран а шортта яа хӀума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву! 18ДӀавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас! 19ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала, хьайн белхало вай, дӀаэцахьа со“. 20Хьала а гӀаьттина, шен да волчу вахара иза.
КӀант геннахь схьавогӀуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тӀе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас. 21Ткъа кӀанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала“. 22Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тӀеюха цунна, пӀелгах мухӀар а долла, кога мачаш а юха. 23Юстийна йолу старгӀа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хӀоттор ду вай. 24ХӀунда аьлча хӀара сан кӀант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира.
25Воккхах волу кӀант оцу хенахь кха тӀехь вара. ЦӀа вогӀуш, шайн бахамна гергакхаьчча, цунна лоькху эшарш а, хелхаран мукъамаш а хезира. 26Цхьа ялхо схьа а кхайкхина, цо хаьттира: „ХӀара хӀун ду?“ 27Ялхочо элира цуьнга: „Хьан ваша цӀа веана. Хьан дас старгӀа ейтина, хӀунда аьлча иза могуш-маьрша юхавирзина“. 28Воккхах волу кӀант, оьгӀазвахана, чу ван ца лууш вара. Дас, ара а ваьлла, чувола аьлла, дийхира цуьнга. 29Амма цо элира дега: „Со хьуна вецаш волу мел дукха хан ю, ахь аьллачунна тӀера ког а ца баьккхина ас, амма ахь суна буьхьиг а ца елла, соьга сайн доттагӀашца сакъерийта. 30Ткъа шен хьал мехкаршца сакъоьруш хаьхкина волу хьайн кӀант цӀа веача, цунна юстийна старгӀа йийна ахь“. 31Амма дас элира воккхах волчу кӀанте: „Сан кӀант! Хьо гуттар а соьца ма ву, сан долуш дерг шадерриг а хьан ма ду. 32ХӀинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“».
Trenutno izabrano:
Лака 15: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012