Лака 16
16
Тешаме воцучу урхалхочух лаьцна хьекъале дийцар
1Шен мурдашна Ӏийсас кхин цхьа хьекъале дийцар далийра: «Цхьана хьалдолчу стеган бахаман дола деш урхалхо хилла. Цхьаммо аьлла цу хьолахочуьнга, цуьнан бахам урхалхочо байина дӀабоккхуш бу аьлла. 2Урхалхо тӀе а кхайкхина, хӀусамдас хаьттина: „И хӀун ду суна хьох лаьцна хезаш дерг? ДӀа а гӀой, хьайн балхах жоп дала кечам бе, кхин дӀа хьоьга урхалла ца дойту ас“, – аьлла. 3ТӀаккха урхалхочо ойла йина: „Ас хӀун дан деза? ХӀусамдас со балхара дӀавоккхуш ву. Латта ахка ваха сан ницкъ бац, сагӀа деха эхь хета. 4ХӀа! Суна хаьа хӀун дан деза, кхузара дӀаваьккхича кхечу меттехь со тӀеэцийта“. 5Цхьацца кхойкхуш, шен хӀусамден декхархой тӀекхайкхина цо. Хьалхарчуьнга хаьттина: „Хьо мел декхарийлахь ву сан хӀусамдена?“ 6Вукхо жоп делла: „БӀе черма зайтдаьтта“. Урхалхочо аьлла цуьнга: „ХӀара хьайн декхар тӀеяздина кехат схьа а эций, сихха охьахаий, дӀаязде: шовзткъе итт“. 7Юха кхечуьнга хаьттина: „Хьо мел дала дезаш ву сан хӀусамдена?“ Цо аьлла: „Эзар гали кӀа“. Урхалхочо аьлла: „Хьайн декхаран кехат схьа а эций, дӀаязде: бархӀ бӀе гали“. 8ХӀусамдас хастийна тешаме воцу урхалхо, сел кхетаме иза хиларна. Бан а бу хӀокху заманна хьакъ болу нах Делан нуьрехь болчу нахал кхетаме, шаьш санна болчаьрца гӀуллакх догӀуш.
9Ас боху шуьга, харц дуьненан хьолах пайда а оьцуш, шайна доттагӀий лаха. Юха, и хьал шух дуьсур долчу хенахь, Дала Шен даим лаьттачу цӀа чохь тӀеоьцур ду шу. 10КӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме верг доккхачунна тӀехь а тешаме ву, ткъа кӀезигчунна тӀехь тешаме воцург доккхачунна тӀехь а вац. 11Нагахь шу дуьненан хьал гулдеш тешаме ца хиллехь, стигалахь бакъдолу хьал шух хьан тешор ду? 12Неханиг шух тешна дита мегаш ца хилча, шуниг хьан лур ду шуна?
13 #
Маттай 6:24. Шина хӀусамдена гӀуллакх далур дац цхьана ялхочуьнга. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».
Товрат а, Делан Олалла а
(Маттай 11:12, 13; 5:31, 32; Марк 10:11, 12)
14Ахча дукха дезаш болу парушхой и дерриг а хаза а хезаш, Ӏийсах боьлуш бара. 15Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гӀерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета.
16 #
Маттай 11:12, 13. Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чӀогӀа Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву. 17#Маттай 5:18. Амма стигалний а, латтаний а атта хир ду дӀакъовладала, товрат-хьехамаш тӀера цхьа сиз дӀадовчул.
18 #
Маттай 5:32; 1 Коринтхошка 7:10, 11. ХӀора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву».
Хьолахо а, ЛаӀзар а
19Юха Ӏийсас дийцира: «Вехаш хилла цхьа хьалдолу стаг. Деза а, хаза а духар тӀе а духий, хӀора дийнахь той а хӀоттадой, сакъоьруш хилла цо. 20Ткъа цуьнан кевнна йисттехь Ӏуьллуш, ЛаӀзар цӀе йолуш сагӀадоьхург хилла, дерриг дегӀ дӀалаьцна даьӀнаш а долуш. 21Хьолахочун стоьла тӀера охьаэгна юьхкаш йиъна а, хӀума яа лууш хилла цунна. ЖӀаьлеша, тӀе а догӀий, цуьнан даьӀнашна тӀе мотт хьоькхуш хилла. 22Эххар а сагӀадоьхург велла. Маликаша ИбрахӀимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дӀаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дӀавоьллина. 23Жоьжахатин цӀергахь Ӏазапехь воллуш, дӀахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахӀим а, цунна уллохь ЛаӀзар а гина. 24Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахӀим! Къинхетам бехьа сох. ЛаӀзар ваийтахьа, шен пӀелг хи чу а Ӏоьттина, сан мотт шелбайта, хӀокху цӀергахь чӀогӀа холчохь ву-кх со!“ – аьлла. 25Амма ИбрахӀима аьлла: „Сан кӀант! Дагадаийта, хьо муха Ӏаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаӀзарна – дерриг вониг. ХӀинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву. 26Цул сов, хьуна а, тхуна а юкъахь чӀогӀа кӀорга Ӏин даьккхина. Нагахь кхузара цхьанна хьуна тӀеван лиъча а, иза дӀавалур вац, цигара цхьа а кхуза сехьа а валалур вац“. 27ТӀаккха аьлла хьолахочо: „Ас доьху хьоьга, ЛаӀзар вахийтахьа сан ден хӀусаме, 28сан пхи ваша ма ву. Цаьрга дӀахоуьйтур дара цо кхузахь дерг, хӀара Ӏазап хьега уьш кхуза ца кхачийта“. 29ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогӀа дезаш ма бу уьш!“ 30Хьолахочо жоп делла: „ХӀан-хӀа, дада ИбрахӀим! Нагахь веллачех цхьаъ шайна тӀевеача, лелийначунна дохко а бевлла, Далла тӀебоьрзур бара уьш“. 31ТӀаккха ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Нагахь Мусага а, кхечу пайхамаршка а ла ца догӀахь, веллачуьра денвеллачух а уьш тешар бац“».
Trenutno izabrano:
Лака 16: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012

: