Лака 18
18
Йисина Ӏачу зудчух а, кхелахочух а лаьцна хьекъале дийцар
1Гуттар а доӀанаш деш, догйовха хилийтархьама, Ӏийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хӀума дийцира: 2«Цхьана гӀалахь вехаш цхьа кхелахо хилла. Иза Делах ца кхоьруш а, нахах эхь ца хеташ а стаг хилла. 3Оццу гӀалахь ехаш йисина Ӏаш йолу зуда а хилла. Денна а кхелахочунна тӀе а оьхуш, цуьнга дехарш деш хилла цо: „Сан довхочуьнца болчу къовсамехь нийсонна тӀе кхачаехьа со“, – бохуш. 4Цхьа хан яллалц цунна накъосталла ца деш Ӏийначу кхелахочо эххар а ойла йина: „Делах ца кхерахь а, нахах эхь ца хетахь а, 5оцу зудчунна гӀо дан деза ас, хӀора дийнахь схьа а оьхуш, цуьнга со хьийза ца вайта“, – аьлла».
6Везачу Эло аьлла: «Ойла елаш оцу харц кхелахочо дуьйцучух лаций. 7Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тӀе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза? 8Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КӀант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?»
Парушхочух а, ял гулъешволчух а лаьцна хьекъале дийцар
9Шайх тоам а бина, кхечарах ца бешачу нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира Ӏийсас: 10«Ши стаг вахана Делан цӀа чу доӀа дан: цхьаъ – парушхо, важа – ял гулъеш верг. 11Парушхочо, дӀа а хӀоьттина, доӀа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хӀара ял гулъеш верг санна со ца хиларна. 12КӀирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тӀедогӀучу хьолах уьтталгӀа дакъа нахана сагӀина а ло ас“, – бохуш. 13Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бӀаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тӀе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш. 14#Маттай 23:12; Лака 14:11. Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цӀа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
Ӏийсас бераш декъалдо
(Маттай 19:13-15; Марк 10:13-16)
15Ӏийса волчу кегий бераш а даладора, Цуьнга, уьш декъалдеш, царна тӀехула куьйгаш лацийта. И гиначу мурдаша берашца болу нах човхабора. 16Амма Ӏийсас, бераш Шена тӀе а кхайкхина, элира мурдашка: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу. 17Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».
Хьалдолу хьаькам
(Маттай 19:16-30; Марк 10:17-31)
18Цхьана хьаькамо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Ас хӀун дан деза Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама?»
19«Сох „дика“ хӀунда олу ахь? – хаьттира Ӏийсас. – Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург. 20#Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18; Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17; Арадаккхар 20:15; Карлабаьккхинарг 5:19; Арадаккхар 20:16; Карлабаьккхинарг 5:20; Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16. Дала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, харц тоьшалла ма де, дай-наний лара“?»
21«Беран хенахь дуьйна и дерриг кхочушдеш схьавогӀуш ву со», – аьлла хьаькамо.
22И хезча, Ӏийсас элира: «Кхин цхьа хӀума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта». 23Хьаькам гӀайгӀане вуьйжира и хезча, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш стаг вара.
24Ӏийсас, цуьнга хьаьжча, иза гӀайгӀане вожар а гина, элира: «Мел хала ду хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила. 25Эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».
26И дерриг хезначара хаьттира: «КӀелхьара мила ваккхалур ву ткъа?»
27Ӏийсас жоп делира: «Адамашка ца далун дерг Деле далур ду».
28ТӀаккха Кипас элира: «Тхо ду-кх, дерриг а дитина, Хьуна тӀаьхьахӀиттинарш».
29Ӏийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цӀа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна 30хӀинца а алссам дерг хир ду, ткъа тӀейогӀу йолчу заман чохь Делаца долу цкъа а чекхдер доцу дахар а хир ду».
Ӏийсас кхозлагӀа Шен кхалхарх а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 20:17-19; Марк 10:32-34)
31Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Вай хӀинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КӀантах пайхамарша дӀаяздинарг. 32Иза кхечу къаьмнех болчу нахе дӀалур ву. Уьш Цунах боьлуш, Иза хьийзош, Цунна тӀе шеташ етташ хир бу. 33Цара Цунна шед еттар ю, тӀаьххьара вуьйр а ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
34Цо дийцинчух векалш ца кхийтира, Цуьнан дешнийн маьӀна царна къевлина дара.
Ерихон-гӀали уллохь бӀаьрзе сагӀадоьхург туовар
(Маттай 20:29-34; Марк 10:46-52)
35Ӏийса Ерихон-гӀали улло кхочучу хенахь, некъа йистехь сагӀа доьхуш Ӏара цхьа бӀаьрзе стаг. 36Уллохула тӀехдовлучу адамийн гӀовгӀа а хезна, цо хаьттира: «И хӀун ду?» – аьлла.
37Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса ву и тӀехволуш верг», – аьлла.
38ТӀаккха бӀаьрзечо мохь хьаькхира: «Даудан кӀант Ӏийса! Къинхетам бехьа сох!» – аьлла.
39Хьалха богӀучу наха чехавора иза, гӀовгӀа ма е бохуш. Амма цо кхин а чӀогӀа мохь беттара: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш.
40Ӏийсас, саца а сецна, и стаг Шена тӀевалавайтира. Иза тӀекхаьчча, хаьттира цуьнга: 41«Соьгара хӀун оьшу хьуна?» – аьлла.
БӀаьрзечо дийхира: «Эла! Са гуш хила лаьара суна», – аьлла.
42Ӏийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо».
43Цу сохьта бӀаьрзечун са схьадеара. Иза Ӏийсана тӀаьхьа вахара, Далла хастамаш а беш. И дерриг гина нах даггара Далла хастамаш бан хӀиттира.
Trenutno izabrano:
Лака 18: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012