YouVersion logo
Dugme za pretraživanje

Лака 5

5
Ӏийсан дуьххьарлера мурдаш
(Маттай 4:18-22; Марк 1:16-20)
1 # Маттай 13:1, 2; Марк 3:9, 10; 4:1. Цкъа Гансарт цӀе йолчу Ӏомана йистехь лаьтташ вара Ӏийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тӀе теӀаш, Делера долчу даше ладогӀархьама. 2Ӏийсана берда тӀехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чӀерийлецархой шайн бойнаш цӀанъеш бара. 3ТӀаккха тӀевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамӀе, Ша берда йистера кеман тӀехь жимма дӀавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза.
4Шен къамел чекхдаьлча, Цо ШамӀе элира: «Хи кӀорга долччига дӀадахийта кема! Цигахь шайн бойнаш чутаса, чӀерий лецархьама!»
5 # Яхьъя 21:3. ШамӀас жоп делира: «Лоруш волу Устаз! Буьйсанна сахиллалц болх бина оха сийсара, амма хӀумма а ца лаьцна. Делахь а, Ахь аларна, бой чу-м тосур ю ас». 6#Яхьъя 21:6. Бойнаш чутесча, цара вуно дукха чӀерий лийцира. И бойнаш эттӀал чӀогӀа дукха чӀерий дара царна чохь. 7ШамӀагӀара кхечу кеманна тӀехь болу шайн накъостий, куьг а ластийна, схьакхайкхира. Уьш схьабаьхкича, шина а кеманна тӀе чӀерий хьаладехира цара. И чӀерий дукха долуш, хинан кеманаш бухадаххал чӀогӀа дуьзина дара. 8ШамӀа-Кипас, и ган а гина, Ӏийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДӀагӀохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!»
9И лецна чӀерий гина, ШамӀа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа цецбевлла бара. 10Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кӀант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамӀин накъостий. Ӏийсас элира ШамӀе: «Кхера ца оьшу! ХӀинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо».
11Кеманаш берда тӀе хьала а даьхна, шадерг цигахь а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттина дӀабахара уьш.
Ӏийсас дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг тово
(Маттай 8:1-4; Марк 1:40-45)
12Цкъа цхьана гӀалахь вара Ӏийса. Оцу гӀалахь вехаш вара цхьа стаг, дӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш. Ӏийса шена гича, Цунна хьалха гора воьжна, дийхира оцу стага: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа», – аьлла.
13ДӀакховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Оцу сохьта цу стеган дегӀ цӀанделира. 14#Ӏамалъяр 14:1-32. Юха Ӏийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хӀумма а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
15Амма Ӏийсах лаьцна хабар шуьйра даьржаш дара массо а меттехула. Цунна тӀе дукха адам догӀура: Цуьнга ладогӀа а, дарбанаш дайта а. 16Ткъа Ӏийса кест-кеста адам доцучу метте дӀа а воьдий, Деле доӀанаш деш Ӏара.
Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг тово
(Маттай 9:1-8; Марк 2:1-12)
17Цкъа Ӏийса нахана хьоьхуш волчу хенахь, И волчу цӀа чохь динан куьйгалхой бара. Царах цхьаберш парушхой бара, вуьш Ӏелам нах бара. Уьш Галилай-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а мел йолчу гӀаланашкара а, Ярушалаймера а баьхкинера. Нахана дарбанаш лелорхьама, Ӏийсаца Везачу Элан ницкъ бара. 18ДегӀан меженаш лела а ца луш, меттахь Ӏуьллуш волу цомгуш стаг валош цхьа нах баьхкира. ЦӀа чу а ваьхьна, иза Ӏийсана хьалха вилла гӀерташ бара уьш. 19Амма цӀенна гонахьа дукха нах хиларна, иза чувохьийла а ца хилла, и цомгуш стаг а эцна, тхов тӀе хьала а бевлла, нийса болчу цу тховх Ӏуьрг а даьккхина, цӀа чу биссира уьш. Цомгуш верг шен мотт-гӀайбица нахана юккъе а веана, Ӏийсана хьалха охьавиллира цара. 20Церан Шех тешар а гина, Ӏийсас элира: «ДоттагӀа! Хьан къиношна гечдина», – аьлла.
21ТӀаккха Ӏелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Ӏеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»
22Амма Ӏийсас, церан дог-ойла хууш, элира: «Иштта ойланаш хӀунда йо аш? 23ХӀун ду атта ала: „Хьан къиношна гечдина“, я „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“? 24Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен чохь къиношна гечдан олалла дуйла», – аьлла, цомгуш волчу стаге Цо элира: «Ас боху хьоьга, хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»
25Оцу сохьта и цомгуш верг, хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, цӀа вахара, Далла хастамаш а беш. 26Чохь берш инзарбевллера. Деле болчу ларамах дегнаш дуьзна, цара бохура: «Вайна тахана гинарг инзаре тамашийна хӀума ду!»
Левига тӀекхайкхар
(Маттай 9:9-13; Марк 2:13-17)
27Цул тӀаьхьа, ара а ваьлла, схьавогӀуш, ял йоккхуш волу, Леви цӀе йолу цхьа стаг гира Ӏийсана. Леви ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!» 28Леви, дерриг охьа а тесна, Ӏийсана тӀаьххье дӀавахара.
29Левис шен цӀахь Ӏийсана доккха той хӀоттийра. Дукха адам дара цигахь. Ял йоккхуш берш а, кхин нах а бара цаьрца хӀума юуш. 30#Лака 15:1, 2. Парушхоша а, Ӏеламчу наха а, резабоцуш, Ӏийсан мурдашка бохура: «И муха мегар ду? Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца дууш, молуш ма ду шу?»
31Царна жоп луш, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. 32Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга метта а дуьйлий, Далла тӀедерза ала веана».
Марха кхабарх лаьцна
(Маттай 9:14-17; Марк 2:18-22)
33Юха цара элира Ӏийсага: «Яхьъян мурдаш кест-кеста марха кхобуш а, ламаз деш а бу, иштта бу парушхойн мурдаш а, ткъа Хьан мурдаш дууш а, молуш а бу».
34Ӏийсас царна жоп делира: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъостий, и стаг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш? 35Цхьа хан а еана, и зуда ялийнарг дӀавигча, тӀаккха даарх, маларх херабевлла, сингаттаме хир бу уьш».
36Юха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра: «Цхьаммо а ширачу духар тӀе, керлачу тӀера схьа а яьккхина, йома латор яц, хӀунда аьлча керла духар а дохор ду, ширачу духар тӀехь керла йома товр яц. 37Цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду. 38Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дотта деза. 39Цхьаммо а шира чагӀар а мелла, юха керланиг мер дац, хӀунда аьлча цо эр ду: „Шираниг гӀолехь ду“».

Trenutno izabrano:

Лака 5: CHE

Istaknuto

Podijeli

Kopiraj

None

Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi