Лака 7
7
Римхойн тӀемалойн хьаькаман ялхо туовар
(Маттай 8:5-13)
1ЛадугӀуш болчаьрга деш долу Шен къамел чекх а даьккхина, Ӏийса Къапарнам-гӀали чу вахара. 2Цигахь цхьа римхойн эскарера тӀемалойн хьаькам вара Ӏаш. Оцу хьаькаман цунна чӀогӀа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Ӏуьллуш вара. 3Ӏийсах лаьцна шена хезча, И волчу жуьгтийн баккхий нах бахийтира цо дехарца, ван а веана, шен ялхо кӀелхьарваккхахьара аьлла. 4Баккхий нах, Ӏийса волчу а баьхкина, Цуьнга деха хӀиттира: «И хьаькам Ахь гӀо дан хьакъ ву. 5Цунна вайн къам дукхадеза. Цо вайна гуламан цӀа а дина», – аьлла.
6Ӏийса цаьрца и хьаькам Ӏаш волчу вахара. ЦӀенна хӀорш гергакхаьчча, хьаькамо шен накъостий дуьхьал бахкийтира Ӏийсага дӀаала: «Эла! Хьайна хало ма е! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван. 7ХӀунда аьлча ас со Хьуна дуьхьал ван а хьакъ ца лору. Амма Ахь цхьа дош аьлча, сан ялхо толур вара. 8Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гӀуллакх до».
9Оцу дешнашка ла а доьгӀна, чӀогӀа цецваьллачу Ӏийсас, юха а вирзина, Шена тӀаьхьа богӀучу нахе элира: «Ас боху шуьга, исраилхошна юкъахь а ца гина Суна оцу стеган санна Делах тешар».
10Хьаькамо бахкийтина нах цӀа баьхкича, ялхо товелла карийра царна.
Йисина Ӏачу зудчун кӀант денвар
11Цул тӀаьхьа дукха хан ялале Ӏийса Наин цӀе йолчу гӀала вахара. Цуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бахара Цуьнца цига. 12Оцу гӀалин кевнна йистте кхаьчча, Кхунна дуьхьал адамийн йоккха тоба кхийтира. Уьш гӀали чуьра велла кӀант вахьаш богӀуш бара. И велларг йисина Ӏачу зудчун цхьаъ бен воцу кӀант вара. Оцу зудчуьнца гӀалара схьадогӀуш дукха адам дара. 13И зуда гина, цунах чӀогӀа къахийтира Везачу Элана. Цо элира цуьнга: «Ма елха!» – аьлла. 14Юха тӀевахана барамах куьг Ӏоьттира Цо. Барам бахьаш богӀу нах севцира. Ӏийсас элира: «КӀант, хьоьга боху Ас: хьалагӀатта!» 15Велларг, ден а велла, кӀегар а хиина, вистхилира. Ӏийсас иза нене дӀавелира.
16Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хӀиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гӀо дан».
17Ӏийсах лаьцна и хабар берриг ЯхӀуд махкахула а, цунна гондахьа болчу мехкашкахула а дӀасадаьржира.
Яхьъяс бохкуьйту нах
(Маттай 11:2-19)
18Яхьъян мурдаша дийцира цунна Ӏийсас динчух лаьцна. 19Яхьъяс, царах шиъ схьа а кхайкхина, Веза Эла волчу вахийтира Цуьнга хатта: «Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?» – аьлла.
20Вахийтинчу шиммо, Ӏийса волчу а веана, элира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъяс дахкийтина тхо Хьоьга хатта: „Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?“ – аьлла».
21Оцу хенахь Ӏийсас дукха нах тобора халчу цамгарех, вочу жинех, дуккха а бӀаьрзечарна бӀаьрса а лора. 22#ЕшаӀ-ЯхӀу 35:5, 6; ЕшаӀ-ЯхӀу 61:1. Цо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гӀой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. 23Декъала ву Сох шек воцург».
24Яхьъяс бахкийтина нах дӀабахча, Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? 25ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина а, дезачу хьолахь болу а нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу. 26Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. 27#Малъаки 3:1. Цунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ 28Ас боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь Яхьъял лакхара стаг вац. Амма Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.
29 #
Маттай 21:32; Лака 3:12. Яхьъяга ладугӀуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тӀехь, Делан лаам тӀе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира#7:29, 30 И аяташ тептар яздархочун дешнаш хила мегаш ду. Цунах лаьцна билггал хууш дац.. 30Амма парушхошна а, Ӏеламчу нахана а, Делан лаам тӀе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира.
31Хьаьнца буста мегар бу таханлера нах? Хьанах тера бу уьш? 32Уьш базаран майданахь ловзучу берех тера бу. Цара боху вовшашка:
„Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира!
Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“
33Хих нах чекхбоху Яхьъя веара. Цо бепиг ца дуура, чагӀар ца молура. Аш цунах лаьцна олура: „Иза жинаша хьийзош волу стаг ву“. 34Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву“, – олура. 35Амма Делера долу хьекъал бакъдо и схьаэцначу берриг а наха».
Шен къиношна гечдайтина зуда.
36Цхьана парушхочо ша волчу шуьне кхайкхира Ӏийсага. Ӏийса, и парушхо волчу а вахана, хӀума юучу меттехь дӀатаьӀна, агӀорваьлла Ӏара. 37#Маттай 26:7; Марк 14:3; Яхьъя 12:3. Оцу гӀалахь вон цӀе йоккхуш, цхьа зуда яра, дукха къинош долуш. Ӏийса парушхо волчохь хьошалгӀахь ву аьлла хезча, цига еара иза, мехалчу кхаби чохь хаза хьожа йогӀуш долу, дегӀан меженашна хьокху даьтта а дахьаш. 38Ӏийсана тӀехьа, когашка дӀа а хӀоьттина, йоьлхуш, бӀаьрхиш Цуьнан когаш тӀе а Ӏенош, юха шен ехачу месашца уьш дӀа а дохуш, Цуьнан когаш бакъа а беш, царах барташ бохура, царна тӀе хаза хьожа йогӀу даьтта дуьттура цо. 39И гина, Ӏийса хьошалгӀа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Ӏуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла».
40Юха Ӏийсас элира цуьнга: «ШамӀа, хьоьга цхьа хӀума ала лаьа Суна».
Вукхо жоп делира: «Алахьа, Устаз!» – аьлла.
41«Цхьана стеган ши декхархо хилла, – волавелира Ӏийса. – Цхьаъ пхи бӀе дато динари-ахча дала дезаш хилла цунна, важа шовзткъе итт. 42Я цхьаннан, я шолгӀачун дӀадала ахча ца хилла. ТӀаккха ахча долчо, цу шинне геч а дина, и ахча дитина. Шина декхархочух ахчанан да алсам хьанна дукхавезар ву аьлла хета хьуна?»
43ШамӀас элира: «Суна схьахетарехь, декхар алсам долуш гечдинчунна алсам везар ву-кх и», – аьлла.
«Нийса боху ахь», – элира Ӏийсас. 44ТӀаккха, зудчуьнгахьа дӀа а вирзина, Цо ШамӀе элира: «Хьуна гуш юй и зуда? Со хьан чу веача, ахь Суна когаш била хи а ца делира, ткъа цо шен бӀаьрхишца Сан когаш башош, шен месашца уьш бакъийра. 45Со хьан чу ваьлча, ахь, Соьга маршалла хоттуш, барт ца баьккхира, ткъа и зуда, Со кхуза веачахьана, Сан когех барташ бохуш ю. 46Ахь Сан коьртах ур-атталла дораха зайтдаьтта а ца хьаькхира, ткъа цо Сан когаш тӀе деза, хаза хьожа йогӀу даьтта дуьтту. 47Ас боху хьоьга: цо оццул боккха безам гайтина, шен къиношна гечдина дела. Ткъа кӀезиг гечдинчо кӀезиг безам гойту».
48Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Хьан къиношна гечдина».
49Кхиболу хьеший ойла еш бара: «И мила ву, къиношна а гечдеш?»
50Ӏийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кӀелхьаръяьккхина хьо. ДӀаяло хьайна маьрша».
Trenutno izabrano:
Лака 7: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012

: