1
Яхьъя 5:24
Делан Йозанаш
Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугӀуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тӀехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш.
Jämför
Utforska Яхьъя 5:24
2
Яхьъя 5:6
И стаг цигахь Ӏуьллуш а гина, иза дукха хенахь дуьйна цомгуш вуйла а хиъна, Ӏийсас хаьттира цуьнга: «Могуш хила лаьий хьуна?»
Utforska Яхьъя 5:6
3
Яхьъя 5:39-40
Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до. Амма шуна ца лаьа Суна тӀаьхьахӀитта, шайна Дела волчохь хедар доцу дахар хилийта.
Utforska Яхьъя 5:39-40
4
Яхьъя 5:8-9
Ӏийсас элира цомгушчуьнга: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало». И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, дӀаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара.
Utforska Яхьъя 5:8-9
5
Яхьъя 5:19
Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга, Шен Дас дийриг гуш ца хилча, Шеггара хӀумма а дойла дац КӀентан. ХӀунда аьлча Шен Дас дийрриг до КӀанта а.
Utforska Яхьъя 5:19
Hem
Bibeln
Läsplaner
Videor