Доладалар 9

9
Дала Нохьица бина барт.
1 # Доладалар 1:28. ТӀаккха Нохьа а, цуьнан кӀентий а декъалбеш, Дала элира цаьрга:
«ТӀаьхье стам а луш, деба а дебаш, латта дузийла аш. 2Шух кхера а кхоьруш, шуна хьалха ега а еш, хуьлийла лаьтта тӀехь мел йолу акхарой а, стигалахь мел долу олхазарш а, кху лаьттахь лелаш мел йолу текхаргаш а, хӀорда чохь мел долу чӀерий а. Шун кара дӀаделла Ас и дерриге а. 3Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хӀинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хӀума а дӀало Ас шуна юучунна. 4#Ӏамалъяр 7:26, 27; 17:10-14; 19:26; Карлабаьккхинарг 12:16, 23; 15:23. Амма цхьа хӀума тӀедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цӀий дӀадалаза долу жижиг ма даалаш. 5Адаман цӀий Ӏанорна Соьга жоп дала деза, цу цӀийна чохь са долу дела. ХӀора стага а жоп дала деза ша адаман Ӏанийначу цӀийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цӀий Ӏанийча. 6#Арадаккхар 20:13; Доладалар 1:26. Цхьана стага адаман цӀий Ӏанийнехь, цуьнан цӀий а Ӏанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цӀий Ӏанийна дела. 7#Доладалар 1:28. Ткъа шу деба а деба, шайн тӀаьхье стам а е, дӀаса а даржа лаьтта тӀехь, алссам а довла цу тӀехь».
8Дала элира Нохье а, цуьнан кӀенташка а:
9«Ткъа Ас барт бо шуьца а, ерриге а шул тӀаьхьа хир йолчу шун тӀаьхьенца а, 10массо олхазаршца а, мел долчу дийнаташца а, массо а акхарошца, шуьца хинкеман чуьра араяьллачу, лаьттара са мел долчу хӀуманца а. 11Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хӀума хица хӀаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тӀедаларца хӀаллакдийр дац».
12ТӀаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чӀагӀдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хӀуманца а, тӀейогӀучу массо а ханна, барт бар. ХӀара ду и тоьшалла: 13стелаӀад хӀоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан. 14Ас лаьттана тӀехула гулйина мархашна юкъахь стелаӀад гучудаьлча, 15Суна дагабогӀур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хӀума хи тӀедаларца хӀаллакйийр яц аьлла. 16Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаӀад гича, дагабогӀур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хӀуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт».
17Иштта элира Дала Нохье: «И стелаӀад лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманна а, Сайна а юкъахь бинчу бертан тоьшаллина хир ду».
Нохьин кӀентий
18Хин кеман чуьра арабевллачу Нохьин кӀентийн цӀераш иштта яра: Шима, Хьама, Япат. Ткъа Хьама КанаӀанан да вара. 19И кхоъ Нохьин кӀант вара, ткъа царех хилла лаьттара адамийн тӀаьхье.
20Нохьас латта лело а долийра, кемсийн аре а дӀайийра. 21Кемсийн чагӀар а мелла, ваха а вехна, верзина а ваьлла, шен четар чохь, тӀе хӀума а тасаза, вижина Ӏуьллуш вара Нохьа. 22КанаӀанан дена Хьамина гира шен ден верзина ваьлла хилар, тӀаккха цо ара а ваьлла, цунах лаьцна шен шина веше дийцира. 23Ткъа Шима а, Япат а, шайн ден бедар схьа а эцна, шаьшшиннан белшаш тӀе а йиллина, тӀехьа а вирзина, кӀегара шайн дена тӀе вахара. И бедар цунна тӀе а тесна, Нохьин верзина хилар дӀакъевлира цара. Уьш тӀехьа бирзина болу дела, царна шайн ден верзина хилар ца гира.
24Ша меллачу чагӀарх васта а велла, самаваьлча, Нохьина хиира, шена тӀехь жимаха волчу кӀанта Хьамас динарг. 25ТӀаккха Нохьас элира:
«НеӀалт хуьлда КанаӀанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», – аьлла.
26Кхин а элира цо:
«Декъала ву Веза Эла, Шимин Дела,
ткъа КанаӀан Шимин лай хуьлийла.
27Япатан тӀаьхье Дала беркате а йойла,
Шимин четарш чохь а Ӏойла Япат.
Ткъа КанаӀан Япатан лай хуьлийла!»
28Лаьтта тӀехь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа, кхо бӀе шовзткъе итт шарахь вехира Нохьа. 29Дерриге а Нохьа ваьхна шераш исс бӀе шовзткъе итт шо ду. ТӀаккха Нохьа дӀакхелхира.

Märk

Dela

Kopiera

None

Vill du ha dina höjdpunkter sparade på alla dina enheter? Registrera dig eller logga in