Яхьъя 1
1
Дашах адам хилира
1Юьхьанца Дош дара.
И Дош Делехь дара.
И Дош Дела дара.
2И Дош юьхьанца Делехь дара.
3Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина,
И доцуш, кхоьллинчух хӀумма а ца кхоьллина.
4Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара,
и дахар адамашна серло а яра.
5И серло боданехь къега.
Бодано и серло эша а ца йина.
6 #
Маттай 3:1; Марк 1:4; Лака 3:1, 2. Дала цхьа стаг ваийтира,
цуьнан цӀе Яхьъя яра.
7Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера,
цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама.
8Яхьъя ша Серло яцара,
ткъа иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара.
9И бакъйолу Серло дуьнен чу йогӀуш яра,
Цо муьлхха а адам серла а доккху#1:9 Я иштта: И бакъйолу серло яра, муьлхха а дуьнен чу догӀу адам серла а доккхуш..
10Дуьненна юкъахь а дара и Дош,
Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера,
амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира.
11Шен махка веара Иза,
ткъа шечара а И тӀе ца ийцира.
12Ткъа, Ша тӀе а эцна, Шех тешаш болчарна
Делан бераш хила бакъо елира Цо.
13Уьш я цӀийх а, я дегӀан лаамца а,
я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу.
14Дашах адам а хилира,
Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара.
ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур.
Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.
15Яхьъяс#1:15 Яхьъя – нах хих чекхбахийта Дала ваийтина Яхьъя ву иза. Делера болу хаза кхаъ дӀаязбинарг изза цӀе йолу кхин стаг ву., Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХӀара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тӀаьхьа ВогӀург, сол лакхара а хилла, дӀахӀоьттина, хӀунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“».
16Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. 17ХӀунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула деана ду. 18Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КӀанта#1:18 Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцчу КӀанта – кхечу тептарш тӀехь: Ткъа Дела верриг а волу, Цуьнгахьа а волу, Цуьнан цхьаъ бен воцчу КӀанта. беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш.
Яхьъя-пайхамаро Ӏийсах лаьцна тоьшалла дар
(Маттай 3:1-12; Марк 1:1-8; Лака 3:1-18)
19Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цӀе йолчу тайпанан, Делан цӀа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» – аьлла.
20Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тӀера юха а ца волуш, ма-дарра дӀа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац».
21 #
Малъаки 4:5;
Карлабаьккхинарг 18:15, 18. Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхӀу-пайхамар вуй хьо?»
«И вац со».
«Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?»
«Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс.
22ТӀаккха цара элира Яхьъяга: «Ткъа хьо мила ву, дийцахьа тхуна, тхаьш хьуна тӀе хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна хӀун олу ахь?»
23 #
ЕшаӀ-ЯхӀу 40:3 (Грекийн). Яхьъяс жоп делира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран дешнашца:
«Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со:
„Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“».
24Ткъа Яхьъяна тӀебахкийтинарш парушхойх бара. 25ТӀаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Эли-ЯхӀу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хӀунда боху ахь?»
26Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. 27Иза сол тӀаьхьа вогӀуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ долуш вац».
28И дара Йордан-хин дехьа агӀор йолчу Бет-ХӀина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чекхбохучохь.
Делан Ӏахар
29ШолгӀачу дийнахь, шена тӀевогӀу Ӏийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХӀара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тӀе а лаьцна, уьш дӀадахьа баийтина Ӏахар бу. 30ХӀара ву ас Шех лаьцна аьлларг: „Сол тӀаьхьа вогӀуш волу Стаг сол а лакхара ву, хӀунда аьлча Иза сол хьалха волуш вара“. 31Суна а билггала ца вевзара Иза. Амма Иза исраилхошна вовзийтархьама, веанера со, нах хих чекхбохуш».
32Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: «Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна тӀехь дисира. 33Цкъа хӀинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тӀехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“. 34И суна ган а гира, ас тоьшалла а до Иза Делан КӀант хиларх».
Ӏийсан дуьххьарлера мурдаш
35И хиллачу шолгӀачу дийнахь Яхьъя юха а лаьтташ вара шен мурдех волчу шинца. 36ТӀехволучу Ӏийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХӀара бу Дала баийтина Ӏахар».
37Цуьнан и дешнаш а хезна, Яхьъян ши мурд Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттира. 38Юха а хьаьжна, и ши мурд Шена тӀаьхьавогӀу а гина, Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Шуна хӀун оьшу?»
Цара элира: «Рабби!», (Иза «Устаз!» бохург ду), «Хьо мичахь Ӏаш ву?»
39Ӏийсас оцу мурдашка элира: «Соьца дӀа а дуьйлий, хьовса».
Мурдаш Цуьнца бахара. Царна гира И мичахь вехаш ву. И де Ӏийсаца даьккхира цара. ДоьалгӀа сахьт#1:39 ДоьалгӀа сахьт – Грекийн маттахь: уьтталгӀа сахьт. Цу заман чохь хан ялх сахьт даьллачу хенахь дуьйна лорура. доладеллера цу хенахь. 40Яхьъян дешнаш а хезна, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттинчу шиннах цхьаъ Ӏандар вара. Иза вара ШамӀа-Кипин ваша. 41Ӏандара, цу сохьта шен ваша ШамӀа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.)
42Ӏандара шен ваша ШамӀа Ӏийсана тӀевалийра. Ӏийсас, ШамӀе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кӀант ШамӀа ву-кх. Хьох хӀинца „Кипа“ эр ду». (Иза «тарх» бохург ду.)
Пилапах а, НатунаӀилах а Ӏийсан мурдаш хуьлу
43ШолгӀачу дийнахь Ӏийсана Галилай-махка ваха лиира. Ӏийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тӀаьхьахӀотта».
44Пилап а вара Ӏандар а, Кипа а схьаваьлла волчу Бет-Саида-гӀалара. 45НатунаӀил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тӀехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тӀехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кӀант Ӏийса, Ша Назарт-гӀалара схьаваьлла волу».
46Ткъа НатунаӀила элира: «Назартера цхьа а дика хӀума дала а даьллий те?»
Пилапа жоп делира: «ГӀой, хьо-хьуо хьажа», – аьлла.
47 #
Доладалар 32:28. Шена тӀевогӀу НатунаӀил а гина, Ӏийсас элира: «ХӀара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо».
48НатунаӀила хаьттира Ӏийсага: «Со мичахула вевза Хьуна?»
Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьо инжиран дитта кӀел Ӏаш волуш, Пилап хьоьга кхайкхале дуьйна а, Суна хьо гуш а вара, вевзаш а вара».
49НатунаӀила элира Ӏийсага: «Рабби! Хьо Делан КӀант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь».
50Ӏийсас элира цуьнга: «Ас хьо инжиран дитта кӀел гина аларна тийши хьо Сох? Кхин а, цул тӀех гӀуллакхаш а гур ду хьуна». 51#Доладалар 28:12. Кхин а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ДӀаеллаелла стигалш а, Адамийн КӀант волчу Суна тӀе охьадуьссуш а, хьаладуьйлуш а Делан маликаш а гур ду шуна».
Nu markerat:
Яхьъя 1: CHE
Märk
Dela
Kopiera
Vill du ha dina höjdpunkter sparade på alla dina enheter? Registrera dig eller logga in
© Институт перевода Библии, 2012

: