1
Доладалар 22:14
Делан Йозанаш
Цу меттигна ИбрахӀима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цӀе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тӀехь Везачу Эло оьшург ло», – олий.
Compare
Explore Доладалар 22:14
2
Доладалар 22:2
ТӀаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кӀант Исхьакх, Мори-махка дӀа а вигий, Ас гойтун болчу лома тӀехь, вен а вей, сагӀина вагаве».
Explore Доладалар 22:2
3
Доладалар 22:12
Малико элира: «Ма велахь кӀант, цунна зе ма делахь. ХӀинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтӀахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кӀант Сан дуьхьа ахь ца кхоор».
Explore Доладалар 22:12
4
Доладалар 22:8
«Дала Ша боуьйтур бу сагӀа даккха Ӏахар, сан кӀант», – элира ИбрахӀима. КхидӀа а цхьаьний дӀавахара и шиъ.
Explore Доладалар 22:8
5
Доладалар 22:17-18
цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтӀахь хиларна дийр ду Ас хьуна».
Explore Доладалар 22:17-18
6
Доладалар 22:1
Цул тӀаьхьа, ИбрахӀиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахӀим!» ИбрахӀима жоп делира: «Со ладугӀуш ву».
Explore Доладалар 22:1
7
Доладалар 22:11
Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахӀим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахӀим!» «Со кхузахь ву», – аьлла, жоп делира ИбрахӀима.
Explore Доладалар 22:11
8
Доладалар 22:15-16
Юха а ИбрахӀиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик: «Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кӀант ца кхоош, ахь иза дина
Explore Доладалар 22:15-16
9
Доладалар 22:9
Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахӀима сагӀа даккха меттиг кечйира, тӀулгаш а дехкина. Царна тӀе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тӀе шен кӀант Исхьакх охьавиллира цо.
Explore Доладалар 22:9
Home
Bible
Plans
Videos