Доладалар 22
22
ИбрахӀим зер
1 #
Ӏебархошка 11:17-19. Цул тӀаьхьа, ИбрахӀиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахӀим!»
ИбрахӀима жоп делира: «Со ладугӀуш ву».
2 #
2 Шерашкахь 3:1. ТӀаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кӀант Исхьакх, Мори-махка дӀа а вигий, Ас гойтун болчу лома тӀехь, вен а вей, сагӀина вагаве».
3Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагӀа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гӀо аьллачу метте дӀавахара ИбрахӀим. 4КхозлагӀчу дийнахь, корта хьала а айина, дӀахьаьжначу ИбрахӀимна геннахь шаьш доьлху меттиг гира. 5ИбрахӀима элира шен ялхошка: «Вираца кхузахь совца, ткъа со а, кӀант а, цига дӀа а вахана, Далла лерина гӀуллакх а дина, юхавогӀур ву».
6СагӀа доккхуш даго кечдина дечиг Исхьакхан белш тӀе а диллина, урс а, цӀе а схьаийцира ИбрахӀима. Цхьаьний дӀаволавелира и шиъ. 7Шен дега ИбрахӀиме элира Исхьакха: «Дада!»
«ХӀун боху ахь, сан кӀант?» – хаьттира ИбрахӀима.
«Суна дечиг а, цӀе а го, – элира Исхьакха, – ткъа сагӀа доккхуш вай багор болу Ӏахар мичахь бу?»
8«Дала Ша боуьйтур бу сагӀа даккха Ӏахар, сан кӀант», – элира ИбрахӀима.
КхидӀа а цхьаьний дӀавахара и шиъ. 9#Якъуба 2:21. Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахӀима сагӀа даккха меттиг кечйира, тӀулгаш а дехкина. Царна тӀе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тӀе шен кӀант Исхьакх охьавиллира цо. 10Урс схьа а эцна, шен кӀантана иза хьакха кечвелира иза. 11Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахӀим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахӀим!»
«Со кхузахь ву», – аьлла, жоп делира ИбрахӀима.
12Малико элира: «Ма велахь кӀант, цунна зе ма делахь. ХӀинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтӀахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кӀант Сан дуьхьа ахь ца кхоор».
13ДӀахьаьжначу ИбрахӀимна гира, коьллех маӀаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТӀевахана, схьа а лаьцна, шен кӀентан метта Далла леринчу сагӀина и ка бийра цо. 14Цу меттигна ИбрахӀима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цӀе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тӀехь Везачу Эло оьшург ло», – олий.
15Юха а ИбрахӀиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик:
16 #
Ӏебархошка 6:13, 14. «Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кӀант ца кхоош, ахь иза дина, 17#Ӏебархошка 11:12. цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю. 18#Векалийн 3:25. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтӀахь хиларна дийр ду Ас хьуна».
19ИбрахӀим шен ялхой болчу юхавеара. Уьш цхьаьний Беар-ШабаӀе схьабаьхкира. ИбрахӀим вехаш кхин а Ӏийра цигахь.
Нахьиран кӀентий
20И дерриг а хиллачул тӀаьхьа ИбрахӀиме хаам кхечира: «Хьан вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а хӀинца бераш ду. 21Дуьххьарлера кӀант ӀуцӀа ву, шолгӀа кӀант Буз ву, кхозлагӀа кӀант – Къамуал, Араман да ву. 22Кхин а Хашад а, Хьоза а, Пилдаш а, Идалп а, Бетаал а ву». 23Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархӀ кӀентан нана ю, ткъа ИбрахӀиман ваша Нахьир церан да ву. 24Нахьиран кхин виъ кӀант ву, цуьнан гӀарбаша Реумис вина – Тебахь а, Гахьам а, Тахьаш а, МаӀха а.
Currently Selected:
Доладалар 22: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012