Хьан тӀаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду. Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахӀиман дуьхьа, хӀунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а».