YouVersion Logo
Search Icon

Доладалар 26

26
Исхьакх а, Абу-Малик а
1ИбрахӀим дийна волчу хенахь хилларг санна, мацалла хӀоьттира цу махкахь. Исхьакх ГӀарар-гӀала пӀелаштамхойн паччахьна Абу-Маликана тӀе вахара.
2Везачу Эло элира Исхьакхе: «Мисар-махка ма гӀо, Ас хьайга Ӏе аьллачу лаьтта тӀехь Ӏе. 3#Доладалар 22:16-18. Цу лаьтта тӀехь Ӏе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан дена ИбрахӀимна Айса йина чӀагӀо кхочуш а йийр ю. 4Хьан тӀаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду. 5Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахӀиман дуьхьа, хӀунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а».
6Исхьакх ГӀарар-гӀалахь ваха хиира. 7#Доладалар 12:13; 20:2. Цуьнан зуда Ребикха хаза яра. Цигара божарий цунах лаьцна Исхьакхе хетта буьйлабелча, цо элира: «Иза сан йиша ю». Ребикха шайна йитархьама цара ша верна кхоьрура Исхьакх. 8Дуккха а хан яьллера Исхьакх цигахь Ӏаш волу. Цкъа корехула чухьаьжначу Абу-Маликана гира Исхьакха шен зуда Ребикха хьоьстуш.
9Исхьакх тӀе а кхайкхина, Абу-Малика элира: «Иза хьан зуда ю, тхоьга йиша ю хӀунда аьлла ахь?»
Исхьакха жоп делира: «Со кхоьрура цуьнан дуьхьа ахь со верна».
10«И хӀун ду ахь тхуна динарг? – хаьттира Абу-Малика. – Масала, тхох цхьаъ хьан зудчух кхеттехь, тхо бехке хуьлуьйтур ма дара ахь». 11Абу-Малика шен халкъе омра дира: «ХӀокху стагах а, кхуьнан зудчух а куьг Ӏоьттинарг къинхетам боцуш вуьйр ву», – аьлла.
12Исхьакха, цу лаьтта тӀехь къа а хьегна, дӀадийначул бӀозза сов ялта гулдира цу шарахь, хӀунда аьлча Везачу Эло декъалвина вара иза. 13Цуьнан дуккха а хьал вовшахкхийтира. Бахам тӀаьхь-тӀаьхьа алсамболуш, иза чӀогӀа вехаш стаг хилира. 14Цуьнан дуккха а даьхни а, ялхой а бара, цундела пӀелаштамхой хьоьгура цунах. 15Хьалха ИбрахӀима шен ялхошца яьхна ерриг а гӀунаш, тӀе латта а хьоькхуш, дӀаюкъура цара.
16Абу-Малика элира Исхьакхе: «Тхо долчуьра дӀагӀо, хӀунда аьлча тхол дуккха а нуьцкъала хилла дӀахӀоьттина хьо». 17Цигара дӀа а вахана, ГӀарар-гӀала лаьттачу тогӀи чохь шен четарш а хӀиттийна, ваха хиира Исхьакх. 18Дуккха а шераш хьалха ИбрахӀима алссам гӀунаш яьхнера, амма иза веллачул тӀаьхьа пӀелаштамхоша дӀаюькънера уьш, тӀе латта а тесна. Исхьакха, уьш схьа а яьстина, шен дас хьалха яьхна цӀераш техкира царна. 19Исхьакхан ялхоша тогӀи чохь а яьккхира гӀу, цу чуьра арадолуш жима татол дара. 20Амма ГӀарар-арахь даьхни дажочу Ӏуша Исхьакхан ялхошца къевсира: «ХӀара хи тхан ду», – аьлла. Цундела Исхьакха Ӏейсекх (иза «къовсар» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цу гӀунах, хӀунда аьлча цара къийсинера цу меттехь. 21Цул тӀаьхьа Исхьакхан ялхоша кхин цхьа гӀу яьккхира, амма оццу Ӏуша цунна тӀехула а къовсам баьккхира. ТӀаккха Исхьакха цу гӀунан цӀе Ситна (иза «мостагӀалла» бохург ду) тиллира. 22Цигара дӀа а вахана, кхин цхьа гӀу яьккхира Исхьакха. Иза къуьйсуш цхьа а вацара, цундела Рехьабат (иза «паргӀат» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цунна Исхьакха. Цо элира: «Эххар а Везачу Эло вайна меттиган паргӀато елла, цундела вай цу лаьтта тӀехь дебар ду».
23ТӀаккха цигара а Беар-ШабаӀе дӀавахара Исхьакх. 24Цу буссехь дуьхьал хӀоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахӀиман Дела ву. Цхьана а хӀуманах ма кхера, хӀунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тӀаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахӀиман дуьхьа дийр ду Ас иза».
25Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, Везачу Эле кхайкхира Исхьакх. Шен четарш хӀиттийра цо цигахь, ткъа цуьнан ялхоша гӀу яьккхира.
26 # Доладалар 21:22. ТӀаккха Исхьакх волчу ГӀарар-гӀалара Абу-Малик веара, шеца шен хьехамча Ахьузат а, тӀеман хьаькам Пихал а валош. 27«Шу хӀунда даьхкина? – аьлла, хаьттира Исхьакха. – Хьалха-м мостагӀалла ма дара шун соьца, со шайн махкара ара ма ваьккхира аша?»
28«ХӀинца тхуна билггала го Веза Эла хьоьца хилар, – элира цара. – Тхуна хьоьца бартбан лаьа. Ахь тхуна дуй баа беза, 29тхуна вон болх бийр бац аьлла, хӀунда аьлча оха хьуна а ца дира цхьа а вониг. Оха хьо маьрша дӀахийцира. ХӀинца тхуна го Везачу Эло хьо декъалвина хилар».
30Исхьакха той а хӀоттийна, массара а яа а йиира, мала а мелира. 31Ткъа Ӏуьйранна хьалххе цара вовшашна дуй биира, цул тӀаьхьа Исхьакха хьеший новкъа бехира. Уьш и волчуьра маьрша дӀабахара.
32Цу дийнахь схьабаьхкинчу ялхоша Исхьакхе элира, шаьш яьккхинчу гӀуна чохь хи карийна шайна аьлла. 33Исхьакха цу гӀунан цӀе ШабаӀ (иза «дуй» бохург ду) тиллира, ткъа гӀалех хӀинца а олу Беар-ШабаӀ.
Ӏесаван зударий
34Шен шовзткъа шо кхаьчча, Ӏесава хьетахойн ши зуда ялийра: Беарин йоӀ ЯхӀудит а, Эйлонан йоӀ Басамат а. 35Цу захалонаша Исхьакхан а, Ребикхин а дегнаш тӀехь сингаттам латтабора.

Currently Selected:

Доладалар 26: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in