1
Лака 12:40
Делан Йозанаш
Шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».
Compare
Explore Лака 12:40
2
Лака 12:31
Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду».
Explore Лака 12:31
3
Лака 12:15
Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».
Explore Лака 12:15
4
Лака 12:34
Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду».
Explore Лака 12:34
5
Лака 12:25
Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга?
Explore Лака 12:25
6
Лака 12:22
ТӀаккха Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегӀан дуьхьа духарна са ма гатде.
Explore Лака 12:22
7
Лака 12:7
Ткъа шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!»
Explore Лака 12:7
8
Лака 12:32
«Ма кхера, шу кӀезиг а, гӀийла а делахь а, шуна тӀехь Ӏу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла.
Explore Лака 12:32
9
Лака 12:24
ДӀахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду!
Explore Лака 12:24
10
Лака 12:29
Цундела ма леха яа а, мала а шайна хӀун хир ю – цунна са ма гатде.
Explore Лака 12:29
11
Лака 12:28
Нагахь тахана тӀедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кӀезиг тешаш дерш?!
Explore Лака 12:28
12
Лака 12:2
Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду.
Explore Лака 12:2
Home
Bible
Plans
Videos