1
Лака 13:24
Делан Йозанаш
«Готтачу неӀарехула чекхдовла хьовса, хӀунда аьлча, Ас боху шуьга чубаха гӀиртинчех, дукхахберш чекхбовлалур бац.
Compare
Explore Лака 13:24
2
Лака 13:11-12
Букара хьаьвзина, букъ хьала ца нислуш, цхьа зуда яра цу чохь, берхӀитта шарахь шеца жинийн цамгар йолуш. И ган а гина, тӀекхайкхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Йиша! Хьо хьайн цамгарх паргӀатъяьлла», – аьлла.
Explore Лака 13:11-12
3
Лака 13:13
Цо куьйгаш лецира зудчунна тӀехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тӀаккха Далла хастамаш бан хӀоьттира.
Explore Лака 13:13
4
Лака 13:30
Амма кхузахь цхьаболу тӀаьххьара хилларш цигахь хьалхара хир бу, цхьаболу хьалхара хилларш тӀаьххьара хир бу».
Explore Лака 13:30
5
Лака 13:25
ХӀусамдас неӀ дӀакъевлича, шу арахь дуьсур ду. И неӀ етташ, дехар дийр ду аш: „Эла! ДӀаеллахьа тхуна“, – бохуш. Амма Цо эр ду шуьга: „Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа“.
Explore Лака 13:25
6
Лака 13:5
ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна хӀаллакьхир ду».
Explore Лака 13:5
7
Лака 13:27
Амма Цо эр ду: „Ас боху шуьга, Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа. Шу массо а харцончаш ду, дӀадовла Суна юххера!“
Explore Лака 13:27
8
Лака 13:18-19
Цул тӀаьхьа Ӏийсас хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Муха ду иза? Иза стага шен бешахь дӀадийначу уггар жимачу хӀуьнах тера ду. Цу хӀуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тӀехь».
Explore Лака 13:18-19
Home
Bible
Plans
Videos