Масала, шух цхьаъ бӀов ян лууш ву. Охьа а хиина, шен хин йолу харж лорур яц цо, гӀишло чекхъяккха ахча тоьар ду дац хьажа? Цо, бух а боьттина, дӀаерзо ницкъ а ца кхаьчна, гӀишло йолийначохь йитича, массо а и гуш верг воьлур ма ву цунах. Цара бохур дара: „ХӀокхо гӀишло йолийначохь чекх а ца яккхалуш йитира“, – бохуш.