YouVersion Logo
Search Icon

Доладалар 17

17
Сунтваран бартбар
1Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хӀоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Ӏамал а е, хьанал ваха, 2ткъа Аса вайшинна юкъахь барт а бина, хьан халкъ алсамдоккхур ду». 3ТӀаккха Ибрам Далла хьалха суждана вахара. Дала кхидӀа а элира цуьнга: 4«ХӀара ду вайшиммо барт барехь Аса тӀелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву. 5#Римхошка 4:17. Аса хьан цӀе хуьйцур ю: хьан цӀе Ибрам хир яц, ИбрахӀим#17:5 ИбрахӀим – «дукхахболчеран да». хир ю, хӀунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву. 6Аса хьан дукха тӀаьхьенаш хуьлуьйтур ю – хьох схьадевр ду керла къаьмнаш, схьабевр бу паччахьаш. 7#Лака 1:55. Гуттаренна а хьан тӀаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тӀаьхьенийн а Дела хир ву. 8#Векалийн 7:5. Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». 9Дала элира ИбрахӀиме: «Ткъа хӀара вайшиммо барт барехь ахьа тӀелоцун дерг ду: ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а Сан хьоьца хилла барт ларбан беза. 10#Векалийн 7:8; Римхошка 4:11. Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а ларбан беза барт хӀара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза. 11Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю. 12КӀентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кӀант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. 13Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догӀмаш тӀехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тӀейогӀучу хенахь гуттара а хир бу. 14Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дӀатосур ву, хӀунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна».
15Дала элира ИбрахӀиме: «Аса хьан зудчунна Саретана керла цӀе туьллур ю. И цӀе хир ю Сарат#17:15 Сарат – зуда-эла.. 16Иза декъал а йина, цунна кӀант лур ву Аса. Цу кӀентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу».
17ИбрахӀим бертал вуьйжира, дагахь вела а воьлуш, цо бохура ша-шега: «БӀе шо кхаьчначу сан кӀант хир ву-те? Я дезткъе итт шо кхаьчначу Сарата бер дийр ду-те?» 18ТӀаккха ИбрахӀима элира Деле: «ИсмаьӀал мукъана а вахахьара, Ахьа декъал а вина».
19Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кӀант, ахьа цуьнан цӀе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тӀаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза. 20Суна хезира ахьа ИсмаьӀалан#17:20 ИсмаьӀал – Далла хеза. цӀе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тӀаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ. 21Амма Сарата хьуна тӀедогӀучу шарахь хӀоккху хенахь вен волчу кӀантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт».
22ИбрахӀимца къамел чекх а даьккхина, Дела и волчуьра дӀавахара.
23ИсмаьӀал а, шен хӀусамехь бина болу а, ахча делла эцна болу а леш а, берриг а божарий а, кӀентий а схьа а балийна, уьш сунтбира ИбрахӀима. Дала иза шега аьллачу дийнахь уьш сунтбира цо. 24ИбрахӀиман дезткъе ткъайоьсна шо дара иза сунтвинчу дийнахь. 25Цуьнан кӀентан ИсмаьӀалан кхойтта шо дара цу хенахь. 26ИбрахӀим а, цуьнан кӀант а цхьана дийнахь сунтвира. 27Цу дийнахь сунтбира ИбрахӀиман хӀусамехь болу массо а божарий: цуьнан цӀа чохь бина леш а, цо эцна леш а.

Currently Selected:

Доладалар 17: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in