Доладалар 29
29
Якъуб Падан-Араме вогӀу
1Цул тӀаьхьа Якъуба кхидӀа а бира шен некъ малхбалехьарчу къаьмнийн махка. 2Цунна шера аре гира. Цу арахь гӀу яра. ГӀуна гонах Ӏуьллуш кхо жа дара. Цу гӀуна чуьра дара царна малош долу хи. ГӀунан го дӀакъевлина Ӏуьллуш боккха тӀулг бара. 3Дерриг а жаш гулделча, Ӏуша тӀулг дӀа а карчабой, уьстагӀашна хи маладора. Юха и тӀулг ша хиллачу метте буьллура. 4Якъуба хаьттира цу Ӏушка: «Вежарий, шу мичара ду?»
«ХӀаранера ду», – элира цара.
5«Нахьиран кӀант Лабан вевзий шуна?» – аьлла, хаьттира Якъуба.
«Вевза», – жоп делира Ӏуша.
6«Муха Ӏаш ву иза?» – хаьттира Якъуба.
«Дика Ӏаш ву, – жоп делира Ӏуша. – Хьуьлла йогӀуш ю цуьнан йоӀ Рахьал, уьстагӀий а далош».
7Якъуба элира: «ХӀинца а де дехха ду, уьстагӀий гулдан а хьалхе ду, хи а маладай, дӀа а дигий, дажаде уьш».
8Амма Ӏуша элира: «Дерриг а жаш гулдаллалц собар дан деза тхан. ТӀаккха, гӀунан гона тӀера тӀулг дӀа а харцийна, уьстагӀашна хи малор ду оха».
9Якъуба цаьрца къамел дечу юкъана, ша дажош долу шен ден уьстагӀий а далош, Ӏу йолу Рахьал еара уьш болчу. 10Шен ненавешин Лабанан йоӀ Рахьал а, Лабанан уьстагӀаш а гина, тӀевахана, гӀуна тӀера тӀулг дӀа а карчийна, уьстагӀашна хи малийра Якъуба. 11Юха, Рахьална барт а баьккхина, вилхира иза. 12Цо дийцира Рахьална, ша цуьнан ден доьзалера хилар а, ша Ребикхин кӀант хилар а. Рахьала, едда цӀа а яхана, дега дийцира цунах лаьцна. 13Шен йишин кӀантах и кхаъ беача, Якъубана дуьхьалвеана, иза мара а воьллина, барт а баьккхина, шен цӀа чу вигира Лабана. Якъуба дийцира Лабанна хиллачух лаьцна дерриг а. 14«Мел дика ду хьо сан цӀийх а, синах а волуш!» – элира Лабана Якъубе.
Якъуба Леа а, Рахьал а ялайо
Лабан волчохь дийнна баттахь Ӏийра Якъуб. 15Цкъа Лабана элира Якъубе: «Маьхза ахь суна болх беш нийса дац, хьо сан гергара стаг велахь а. Алахьа, хӀун ло ас хьуна?»
16Лабанан ши йоӀ яра: йоккхаха йолу Леа а, жимаха йолу Рахьал а. 17Леа бӀаьрса ледара долуш яра, ткъа Рахьал юьхь хаза йолуш а, дегӀ куьцехь долуш а яра. 18Якъубана Рахьал езаеллера, цундела цо элира Лабане: «Ас ворхӀ шарахь болх бийр бу хьуна, ахь соьга хьайн йоӀ Рахьал яийтахь».
19«Кхечуьнга лучул, хьоьга иза ялар гӀолехь хир ду. Со волчохь Ӏе хьо», – элира Лабана. 20Якъуба ворхӀ шарахь болх бира Лабанна. Амма и хан масех де долуш санна бен ца хийтира цунна, хӀунда аьлча Рахьале болу безам чӀогӀа бара цуьнан. 21ВорхӀ шо хан чекхъяьлча, Якъуба элира Лабане: «Сан зуда схьало, болх бан тоьхна хан чекхъяьлла сан».
22Цигахь Ӏаш болу нах схьа а кхайкхина, той хӀоттийра Лабана. 23Цу буссехь Якъуб волчу шен йоӀ Леа йигира цо. Якъуб Леица дӀавижира. 24Лабана шен ялхо Залпаъ елира Леина оьшу гӀуллакх дайта. 25Ӏуьйранна Якъубана гира шеца ерг Леа хилар. Цо элира Лабане: «ХӀара хӀун ду ахьа суна динарг? Ас хьуна дуккха а болх ма бинера Рахьал сайга йоуьйтург. Со ле хӀунда ви ахьа?»
26Лабана элира: «Тхо долчу махкахь жимаха йолчу йоьӀан бакъо яц йоккхаха йолчул хьалха маре яха. 27Амма ловзаран кӀира ахьа чекхдаккхахь, аса Рахьал а дӀалур ю хьуна. Иза долайоккхург кхин а ворхӀ шарахь суна болх бан беза ахьа».
28Якъуба цо ма-аллара дира: ловзаран Ӏадат кхочушдира, ткъа Лабана шен йоӀ Рахьал дӀаелира цунна. 29Шен ялхо Балхьат елира Лабана Рахьална гӀуллакх дан. 30Якъуб Рахьалах кхийтира, иза Леэл чӀогӀа езаелира цунна. Кхин а ворхӀ шарахь а Лабанна болх бира цо.
Якъубан кӀентий
31Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чӀогӀа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира. 32Леас кӀант вира, цуьнан цӀе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хӀунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хӀинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». 33Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кӀант вира цо. Цуьнан цӀе цо ШимӀа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кӀант велла». 34Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кӀант вира Леас. Цо цуьнан цӀе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХӀинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кӀант ма вина цунна». 35Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кӀант вира Леас. Цуьнан цӀе ЯхӀуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХӀинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тӀаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза.
Currently Selected:
Доладалар 29: CHE
Highlight
Share
Copy
![None](/_next/image?url=https%3A%2F%2Fimageproxy.youversionapistaging.com%2F58%2Fhttps%3A%2F%2Fweb-assets.youversion.com%2Fapp-icons%2Fen.png&w=128&q=75)
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012