YouVersion Logo
Search Icon

Доладалар 31

31
Якъуб Лабан волчуьра воду
1Якъубана хезира Лабанан кӀенташа олуш: «Вайн ден долахь дерг дӀа а эцна, шена бахам гулбина Якъуба».
2Цул тӀаьхьа Якъуба тидам бира Лабан шеца хьалха санна ца хилар. 3Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тӀе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву».
4Якъуба Рахьале а, Леига а алийтира, шен жаш долчу араяла аьлла. 5Цо элира цаьрга: «Суна го шун да хьалха санна сайца ца хилар, амма сан ден Дела соьца ву. 6Шуна хаьа, ас сайн ницкъ ма-кхоччу шун дена болх бинийла, 7амма цо левора со, иттазза суна бала беза мах хуьйцуш. Делахь а, Дала Ӏалашвора со цо лелочу вочу хӀуманех. 8Нагахь Лабана: „Хьуна луш болу мах къорза даьхни хир ду“, – аьлча, дерриг а дохкана къорза хуьлура, ткъа нагахь цо: „Хьан мах махарчий йолу даьхни хир ду“, – аьлча, дерриг а дохкана махарчий йолуш хуьлура. 9Иштта Дала шун дегара даьхни, схьа а даьккхина, суна схьаделира.
10Цкъа даьхни вовшахкхетачу хенахь суна гӀан гира: гезарий оре лаьцна бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а яра. 11Делан малико элира соьга гӀенах: „Якъуб“. Ас жоп делира: „Со кхузахь ву“, – аьлла. 12Цо элира: „ДӀахьажал: гезаршца цхьаьнакхетта ерриг а бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а ю, хӀунда аьлча Суна гина Лабана хьуна бина тешнабехк. 13#Доладалар 28:18-22. Со Беталахь хьуна дуьхьал хӀоьттина волу Дела ву, ахьа тӀулга тӀе даьтта а доьттина, Суна чӀагӀо йинчу меттигехь. ХӀара латта Ӏадда а дитий, хьо винчу махка сиха дӀагӀо“».
14Рахьала а, Леас а элира: «Тхан ден бахамехь тхуна дакъа дан а дуй? 15Гуш дац цунна тхо хийра хетар? Тхо дохка а доьхкина, тхох даьккхинарг дайина ваьлла иза. 16Дала тхан дегара схьабаьккхина бахам вайн а, вайн берийн а бу, цундела Дала хьайга ма-бохху де ахь».
17Бераш а, зударий а эмкалш тӀе а ховшийна, 18дерриг а даьхни хьалха а лаьллина, Падан-Арамехь вовшахтоьхна бахам схьа а эцна, шен да Исхьакх волчу, КанаӀан-махка дӀаваха новкъа велира Якъуб.
19Лабан уьстагӀий ларга вахача, Рахьала цуьнан цӀахь болу цӀуш лачкъийра. 20Якъуба левира арамхо Лабан, ша дӀавоьдий а ца хаийтина. 21Иза ведира, шен долахь дерг схьа а эцна. Эпрат-хил дехьа а ваьлла, ГалӀад-лам болчухьа дӀавахара иза.
Лабан Якъубана тӀаьхьаволу
22КхозлагӀчу дийнахь Лабане хаийтира, Якъуб ведда аьлла. 23Шеца гергара нах а эцна, Якъубана тӀаьхьавелира иза. ВорхӀ де даьлча, ГалӀад-лома тӀехь иза цунна тӀекхечира. 24ГӀенах веанчу Дала арамхочуьнга Лабане элира: «Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь». 25Лабан Якъубана тӀаьхьакхиира. ГалӀад-ломахь шен четарш дӀахӀиттийнера Якъуба, Лабан а сецира цигахь шен гергарчу нахаца. 26Лабана элира Якъубе: «И хӀун ду ахь динарг? Со ле а вина, сан йоӀарий, йийсархой санна, дӀа ма биги ахь. 27Хьо хӀунда ведда къайлаха? Соьга хӀунда ца элира ахь? Ас самукъанечу эшаршца, вотанашца, дечиг-пондаршца новкъа воккхур ма вара хьо. 28ДӀасакъаьсташ, йоӀаршна а, церан берашна а барт баккха аьтто а ца хилийти ахь. Ойла ца еш дина ахь и хӀума. 29Сан ницкъ бара хьуна вон болх бан, амма сийсара буьйсанна хьан ден Дала аьлла соьга: „Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь“. 30Хьо хьайн ден цӀа кхача сихвелла дела дӀавахана хуьлуьйтур вай, амма сан цӀуш хӀунда лачкъийна ахь?»
31Якъуба жоп делира Лабанна: «Со ведира, хӀунда аьлча со кхоьрура, ахь нуьцкъала хьайн йоӀарий сайгара дӀабахарна. 32Нагахь хьуна кхузахь цхьаьнгахь хьайн цӀуш карабахь, иза вехар вац. Хьайн гергарчу нахана а гуш хьажа, хьан долахь йолу хӀума юй соьгахь. Нагахь елахь, юханехьа дӀаэца». Якъубана ца хаьара Рахьала цӀуш лачкъийнийла. 33Якъубан а, Леин а, шина ялхочун а четарш кӀелахь Лабанна хӀумма а ца карийра. Юха Рахьалан четар кӀел веара иза. 34Рахьал, цӀуш эмкалан нуьйра кӀел дӀа а лачкъийна, царна тӀе хиънера. Четар кӀелахь леррина лехча, хӀумма а ца карийра Лабанна. 35Рахьала элира шен дега: «ОьгӀаз ма гӀолахь, дада, хьуна хьалха со хьала ца гӀаттарна, зударийн лазар долуш ю со». Мел чӀогӀа лехарх Лабанна ца карийра цӀуш. 36ОьгӀазвахана волу Якъуб Лабанна тӀевирзира: «ХӀун ду соьгара даьлларг? Хьо суна тӀаьхьавала сан хӀун бехк бу? 37Сан долахь дерг дерриг а кегий ахь, хьайн салпалах хӀумма а карийн хьуна? Хьайна карийнарг хьан а, сан а гергарчу нахана хьалха охьадилла, цаьрга кхел йойтур ю вайшиммо. 38Ткъа шарахь хьо волчохь Ӏийна со. Цу хенахь хьан уьстагӀий а, гезарий а оста а ца евлла, хьан жаш юкъара кой а ца диъна ас. 39Акхароша цистина даьхни хьуна тӀе ца деана ас, зен сайна хилийтина. Ткъа ахь соьга дийнахь а, буса а лачкъийначунна тӀера мах токхуьйтура. 40Дийнахь малхо воттуш, буьйсанна шелонна бала хьоьгуш, наб а яйна лелла со. 41Иштта ткъа шарахь Ӏийна со хьан хӀусамехь. Дейтта шарахь хьан шина йоӀах а, ялх шарахь даьхнех а болх бина ас, ткъа ахь суна луш болу мах иттазза хийцира. 42Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахӀиман Дела а ца хиллехь, ахь со хӀумма а ца луш дӀавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со».
Якъубана а, Лабанна а юкъахь хилла барт
43Лабана Якъубана жоп делира: «ХӀара зударий сан йоӀарий бу, церан бераш а сан ду. Хьуна гуш долу даьхни а, бахам а сан бу. Амма хӀун дийр ду ас сайн йоӀаршна а, цара динчу берашна а? 44Барт бан беза вайшиммо, иза вайна юкъахь тоьшалла хилла дӀахӀуттур бу».
45Шайн хилла барт дагахь латто, схьа а эцна, цхьа тӀулг дӀахӀоттийра Якъуба. 46Шен гергарчаьрга а элира цо: «ТӀулгаш гулде». Цара, тӀулгаш а гулдина, йоккха оьла йира. Юха цу оьланна улло хӀума яа охьахевшира уьш. 47Лабана цу меттиган цӀе ЕгӀар-СахӀадута тиллира, ткъа Якъуба цунах ГалӀад элира. 48Лабана элира: «ХӀара тӀулгийн оьла тахана вайшинна юкъахь болчу бертан теш ю». Цундела аьлла цунах ГалӀад (иза «тоьшаллин оьла» бохург ду). 49«Вай барт бинчул тӀаьхьа дӀасадевлча, Везачу Эло терго йойла вайна тӀехь», – элира Лабана. Иштта цу меттигах МицӀпа аьлла, цӀе тиллира цо (иза «терго» бохург ду). 50«Нагахь санна хьо сан йоӀаршца вон хилахь я ахь царна тӀе зударий балабахь, вайна юкъахь цхьа а вацахь а, хаалахь: Дела Теш ву хьуна а, суна а юкъахь». 51Кхин а элира Лабана Якъубе: «ХӀара тӀулгийн оьла а, хӀара боккха тӀулг а бу ас вайшинна юкъахь хӀоттийна. 52И тӀулгийн оьла а, и боккха тӀулг а тоьшалла ду со оцу тӀулгел дехьа – хьан агӀор вериг ца хилар хьуна зен дан. Хьо а вер вац цу тӀулгел сехьа суна зен дан. 53ИбрахӀиман а, Нахьиран а, церан ден а Дала кхел йойла вайна».
Шен дас Исхьакха ма-аллара, Кхерамечу Делах чӀагӀо йира Якъуба. 54Цу лам тӀехь сагӀа а даьккхина, массо а гергара стаг хӀума яа кхайкхира цо. Кхачанах а кхетта, цигахь буьйса яьккхира цара. 55Ӏуьйранна хьалххе йоӀарийн берашна а, йоӀаршна а барташ а даьхна, уьш декъал а бина, цӀа вахара Лабан.

Currently Selected:

Доладалар 31: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in