YouVersion Logo
Search Icon

Доладалар 32

32
Якъуб Ӏесавана дуьхьал воьду
1Шен некъ кхидӀа а бечу Якъубана дуьхьал Делан маликаш кхийтира. 2Уьш гича, Якъуба элира: «ХӀара Делан тоба ю!» Цо и маликаш гинчу меттиган цӀе Махьанайм тиллира (иза «ши тоба» бохург ду).
3СеӀир цӀе йолчу махкара Эдом олучу меттехь Ӏаш волчу шен веше Ӏесаве хаам бан нах бахийтира Якъуба. 4Цо элира цаьрга: «Сан эле Ӏесаве иштта ала: „Хьан ялхочо Якъуба боху: ‘Со Лабан волчохь хӀара де тӀекхаччалц Ӏийна. 5Сан стерчий а, хьелий а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а, ялхой а, гӀарбашаш а бу. ХӀара кхаъ боуьйту ас хьан къинхетаме сатесна’“».
6Геланчаша, юха а баьхкина, элира Якъубе: «Хьан ваша Ӏесав волчохь хилира тхо, иза хӀинца хьуна дуьхьал вогӀуш ву, шеца виъ бӀе стаг а валош».
7Воьхна а, кхеравелла а хьаьвзинчу Якъуба шеца болу нах а, даьхни а шина тобане дийкъира. 8Цо ойла йира: «Нагахь Ӏесав цхьана тобанна тӀелатахь, важа, кӀелхьара а яьлла, дийна юьсур ю». 9Якъуба элира: «Сан деден ИбрахӀиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тӀе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“. 10Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гӀаж бен хӀумма а яцара, ткъа хӀинца сан шина тобане бекъна бахам бу. 11Доьху Хьоьга, сан вешех Ӏесавах со ларвехьа, хӀунда аьлча со кхоьру, ван а веана, иза суна а, зударшна а, берашна а тӀелатарх. 12#Доладалар 22:17. Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хӀордан гӀум санна, ягар ца яллал тӀаьхье а кхиор ю“».
13Якъуба цигахь буьйса яьккхира, шен долчух вешина Ӏесавана совгӀат а кечдира цо: 14ши бӀе газа а, ткъа бож а, ши бӀе уьстагӀ а, ткъа ка а, 15ткъе итт стен эмкал а, шайн бокъашца, шовзткъа етт а, итт бугӀа а, ткъа виркхел а, итт вир а. 16И даьхни тобанашка а декъна, ялхошка дӀа а делла, цо элира: «Сол хьалха дӀагӀо, даьхнина юкъахь меттиг а юьтуш». 17Хьалха воьдучу ялхочуьнга Якъуба элира: «Сан ваша Ӏесав дуьхьал а кхетта, цо хьайга хаттахь: „Хьо хьенан ву? Стенга воьду? ХӀара хьенан даьхни ду ахь дуьгург?“, 18ахь ала: „Хьан ялхочун Якъубан даьхни ду. Хьуна совгӀатана доуьйтуш ду хӀара, иза ша а ву тхуна тӀаьххье схьавогӀуш“».
19Иштта шолгӀачу ялхочунна а, кхозлагӀчунна а, даьхнина тӀаьхьа богӀучу вукхарна а хьийхира цо ала дезарг: «Аша а иштта ала Ӏесаве, иза шайна дуьхьалкхетча. 20Кхин тӀе а тоха: „Хьан ялхо Якъуб тхуна тӀаьхьа вогӀуш ву“, – алий». Якъуба ойла йора: «Ас дог кӀаддийр ду цуьнан, сайл хьалха хӀара совгӀаташ а дахьийтина. Юха, тхойша вовшахкхетча, цо со тӀеэца мега». 21Иштта совгӀаташ хьалха дӀа а дахьийтина, шаьш севцначу меттехь буьйса йоккхуш Ӏийра Якъуб.
Якъуб Делах латар
22Цу буссехь шен ши зуда а, ши ялхо-зуда а, цхьайтта кӀант а эцна, Ябокх цӀе йолчу хин гечох дехьавелира Якъуб. 23Доьзал а, шен бахам а хил дехьа баьккхира цо. 24#ХӀушаӀ 12:3, 4. Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах. 25Шега Якъуб эша ца велча, цу стага, кхуьнан хенах чӀогӀа куьг а тоьхна, иза чуьрадаьккхира. 26Юха цо элира: «ДӀахеца со, арахь серлайолуш ю».
Амма Якъуба элира: «Ахь со декъалваллалц дӀахоьцур вац».
27Стага хаьттира: «Хьан цӀе хӀун ю?»
«Якъуб», элира Якъуба.
28 # Доладалар 35:10. ТӀаккха стага элира: «ХӀинца дуьйна хьан цӀе Якъуб хир яц, Исраил#32:28 Исраил – иза «Делах латар» бохучух тера ду. хир ю, хӀунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кӀел ца висира».
29 # Куьйгалхой 13:17, 18. Якъуба элира: «Доьху хьоьга, хьайн цӀе йийцахь суна».
Амма стага хаьттира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахь?» Цо Якъуб декъалвира. 30Якъуба цу меттиган цӀе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со».
31Малх цунна тӀехула хьалагӀаьттира, иза, астагӀа а лелхаш, Пенуалехула чекхволуш. 32Цундела ца юу исраилхоша ха долчуьра хьорзам, хӀунда аьлча Дала Якъубан цу меттигах куьг тоьхна дела.

Currently Selected:

Доладалар 32: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in