Лака 6
6
СадоӀучу шоьтан дийнахь буьртигаш схьадахар
(Маттай 12:1-8; Марк 2:23-28)
1 #
Карлабаьккхинарг 23:25. Цкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула схьавогӀуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаш, кӀен кенаш схьа а дохуш, хьекха а деш, буьртигаш дууш бара. 2И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хӀун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до аша?»
3Ӏийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 4#Шамъал 21:1-6. Иза Делан цӀа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».
5КхидӀа а Ӏийсас элира: «Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
Ӏийсас куьг заьӀап долу стаг тово
(Маттай 12:9-14; Марк 3:1-6)
6Цкъа кхечу шоьтан дийнахь, гуламан цӀа чу а веана, нахана хьехам беш вара Ӏийса. Цигахь аьтту куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара. 7Парушхой а, Ӏелам нах а чӀогӀа Ӏийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. 8Ӏийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта». Важа, хьалха а ваьлла, дӀахӀоьттира. 9ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хӀун дан мегаш ду? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?» 10ТӀаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза тоделира.
11Парушхой а, Ӏелам нах а, оьгӀазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Ӏийсана хӀун дийр дара бохуш.
Шийтта векал харжар
(Маттай 10:1-4; Марк 3:13-19)
12Ишттачу цхьана дийнахь лам тӀе хьалавелира Ӏийса Деле доӀа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доӀанаш деш. 13ШолгӀачу дийнахь Цо, Шен мурдаш схьа а кхайкхина, царна юкъара шийтта хаьржира. Царах Цо векалш элира. Уьш бара: 14ШамӀа, шех тӀаьхьа Ӏийсас Кипа аьлла цӀе тиллинарг, цуьнан ваша Ӏандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай, 15Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг, 16Якъубан кӀант ЯхӀуд, иштта шех ЯхӀуд-Искархо олу, тӀаьхьа ямартхо хилларг а.
Ӏийсас дукха нахана хьехам бар а, дарбанаш дар а
(Маттай 4:23-25)
17Ӏийса Шен векалшца, лам тӀера чувуссуш, нийсачу меттехь сецира. Цигахь Кхуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бара ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а, хӀордан йистерачу Цора а, ЦӀадан а цӀе йолчу гӀаланашкара. 18Уьш Ӏийсага ладогӀа а, шайна дарбанаш дайта а баьхкинера. Харцжинаша хьийзош болчу нахана дарба дира Цо. 19ХӀора а Ӏийсах куьг Ӏотта гӀерташ вара, хӀунда аьлча Кхунах схьаболучу ницкъо царна дарба дора.
Нахана хьалха лараме хетарг хийцар
(Маттай 5:1-12)
20Шен мурдашка а хьаьжна, Ӏийсас элира:
«Дала декъала до шу, къенаш,
хӀунда аьлча Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь ду шу.
21Дала декъаладо шу, хӀинца меца дерш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь дуьзна хир ду шу.
Дала декъаладо шу, хӀинца доьлхуш дерш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь доьлур ду шу.
22 #
1 Кипин 4:14. Дала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цӀе бехъечу хенахь, Адамийн КӀантах шу тешна дела. 23#2 Шерашкахь 36:16; Векалийн 7:52. И де тӀекхаьчча, халхадийла, самукъане хила, хӀунда аьлча йоккха ял хир ю шуна стигалшкахь. Иштта харцо лелош церан дай пайхамаршца а хилла.
24Амма къа ду шун, хьолахой,
хӀунда аьлча хӀинца синтеме ду шу.
25Къа ду шун, хӀинца дуьзнарш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь меца хир ду шу.
Къа ду шун, хӀинца доьлуш дерш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь шун бӀаьргех хин тачанаш оьхур ду.
26Къа ду шун наха шух лаьцна диканиг олуш хилча, хӀунда аьлча иштта харцпайхамарш церан дайша а хестийна».
Далла хьалха лараме хетарг гайтар
(Маттай 5:38-48; 7:12; 7:1-5)
27«Амма шуьга, Соьга ладугӀучаьрга, боху Ас: Шайн мостагӀий беза, шаьш ца дезачарна диканиг де, 28шайна неӀалт кхайкхош берш декъалбе, шайна халахетар дечарах лаций доӀанаш де. 29Хьайна цхьана бесни тӀе тӀара тоьхнехь, важа бесни кӀел хӀоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тӀехулара бедар хьоьгара дӀаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дӀайоккхуш. 30ХӀора доьхуш волчунна цо доьхург дӀало. Нагахь санна хьан долахь дерг цхьаммо дӀаэцнехь, иза юха ма деха. 31#Маттай 7:12. Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила.
32Нагахь санна шу дезаш берш шуна безча, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначарна а ма беза шаьш безарш. 33Нагахь аш шайна дика болх биначарна дика болх бинехь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма до изза. 34Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама. 35Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.
36Къинхетаме хила, стигалара шайн Да къинхетаме ма-хиллара».
37«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтӀерадовла нахана, Дела шуна а къинтӀера вер ву. 38Нахана оьшург дӀало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тӀехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догӀург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах».
Устаза аьлларг кхочушдар
(Маттай 7:16-20; 12:33-35; 7:24-27)
39 #
Маттай 15:14. ТӀаккха Ӏийсас иштта цхьа хьекъале дустар далийра царна: «БӀаьрзечуьнга бӀаьрзениг дӀавигалур вуй? И шиъ ший а ор чу вужур ма ву. 40#Маттай 10:24, 25; Яхьъя 13:16; 15:20. Мурд шен устазал лакхара вац. Дешна ваьлча, дӀанислур ву иза шен устазе.
41Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш? 42Муха эр ду ахь цуьнга: „Ваша, хьайн бӀаьргара чамхалг дӀаяккхийтахьа соьга“, хьуна хьайн бӀаьргара хен гуш ца хилча? Шалхонча! Цкъа хьалха хьайн бӀаьргара хен дӀа а баккхий, хьайн бӀаьрса тоделча, тӀаккха вешин бӀаьргара чамхалг дӀаяккха».
43«Дикачу дитто вон стоьмаш ца ло, вочу дитто диканаш ца ло 44#Маттай 12:33. Дитт шен стоьмашка хьаьжжина девза. Массарна а хаьа, коканийн кулла тӀера комарш ца гулйой а, хьаьрмак кулла тӀера кемсаш ца йохий а. 45#Маттай 12:34. Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тӀехь дерг цуьнан матта тӀехь а ду».
46«Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тӀаккха аш Ас бохург дан деза. 47ХӀора Со волчу вогӀуш верг, Сан дешнашка ладугӀуш верг, уьш кхочушдеш верг – Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву. 48Иза цӀа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кӀоргга ахка а аьхкина, тархана тӀехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цӀенна тӀе хьаьдча, цо цӀа меттах а ца даьккхина, хӀунда аьлча иза дика дина долу дела. 49Ткъа важа, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург ца динарг – иза лаьтта тӀехь, боьттина бух а боцуш, цӀа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тӀе хьаьдча, и цӀа доьхна дӀадаьлла, цунах боккха барз бисина».
Currently Selected:
Лака 6: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012