Доладалар 6
6
Дерриге а Латта хица къайладаккхар
1 # Аюб 1:6; 2:1. Лаьтта тӀера адамаш алсамдовлуш хилла. Церан хуьлуш хилла йоӀарий а. 2Делах дӀакъаьстина болчу божаршна и адамийн йоӀарий хаза хилар гора. Царех шаьш къастийнарш ялош хилла цара. 3ТӀаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бӀе ткъа шо бен хир дац».
4 #
Лелар 13:33. Цу хенахь а, цул тӀаьхьа а наьрташ хилла Лаьтта тӀехь. Делах дӀакъаьстина болу божарий адамийн йоӀарех кхетий, оцу зударша бераш дан долийна. Уьш дара майра а, ницкъ болуш а, дикка хенахь дуьйна гӀарадевлла а адамаш.
5 #
Маттай 24:37; Лака 17:26; 1 Кипин 3:20. ТӀаккха лаьттара адамаш чӀогӀа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. 6Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тӀехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара. 7ТӀаккха Везачу Эло элира: «Со дохковаьлла, Айса Лаьттахь адам кхолларна а, массо дийна мел йолу хӀума кхолларна а: Лаьттара дийнаташ а, текхаргаш а, хӀаваэра олхазарш а, – и дерриге а хӀаллакдийр ду Ас». 8Цхьана Нохьина резахилла Веза Эла.
Нохьин тӀаьхье
9 #
2 Кипин 2:5. ХӀара ду Нохьин тӀаьхьенах хилларг.
Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цӀена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара. 10Кхо кӀант хилла Нохьин: Шима, Хьама, Япат цӀераш йолуш.
11Ткъа Лаьттара адамаш Далла гергахь чӀогӀа бехделлера, латта зуламех дуьзнера. 12Дела Лаьтта охьахьаьжча, Цунна гира латта бехделла хилар, хӀора Лаьттара стаг нийсачу новкъара дӀаваьлла дела.
13ТӀаккха Дала Нохье элира: «Адамаша латта зуламех а, таӀзарех а дуьзна, иза бехдина хӀаллакдо дела, Ас, хӀаллак а дина, дӀадоккхур ду и латта а, цу тӀехь мел йолу садолу хӀума а. 14Ткъа ахьа, хьайна зоьзан-дечигах доккха хинкема а де, цу чохь къаьстина чоьнаш а е, тӀаккха кемана чухула а, тӀехула а силам а хьакха. 15Ткъа кема иштта де: кеманан йохалла кхо бӀе дол#6:15 Дол – куьйган гоьлана тӀера пӀелгийн буьхьигаш тӀе кхаччалц барам. барамехь, цуьнан шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол хила еза. 16Кеманан тховх кор а даккха цхьа дол барамехь, ткъа агӀо тӀехь неӀ а яккха#6:16 Я иштта: Кеманан пенашна тӀехула тхевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг цхьа дол барамехь йиллина а йита.. Цу кеман чохь тӀех-тӀехула а долуш кхо дакъа де. 17Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тӀе, стигалш бухара чохь са мел долу хӀума а хӀаллакьярхьама. Лаьтта тӀехь мел долу хӀума хӀаллакьхир ду. 18Ткъа хьоьца Аса Сайн барт бийр бу. Хьо а, хьан кӀентий а, хьан зуда а, хьан кӀентийн зударий а хьоьца цу хинкеманна чу бевр бу. 19Иштта кеманна чу даккха массо а тайпана дийнатех боьрша а, стен а шишша хӀума. Уьш а шуьца дийна йисийтархьама. 20Ша-ша тайпана олхазарех а, тайп-тайпана даьхнех а, шайн тайпанашца массо а лаьттан текхаргех а, царех массарех а шишша, боьрша а, стен а, чуевр ю хьоьца, дийна йисархьама. 21Ткъа ахьа, массо тайпана даар схьа а эций, кеман чу дилла, хьуна а, царна а юучунна».
22 #
Ӏебархошка 11:7. Нохьас и дерриге, шега Далла ма-бохху, кхочушдира.
वर्तमान में चयनित:
Доладалар 6: CHE
हाइलाइट
शेयर
कॉपी
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012