Logótipo YouVersion
Ícone de pesquisa

Доладалар 23

23
Сарат кхалхар
1Сарат бӀе ткъе ворхӀ шарахь ехира дуьнен чохь. 2Иза кхелхира КанаӀан-махкахь йолчу Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолчу (хӀинца Хьеврон олучу) гӀалахь. Сарат кхелхича, ИбрахӀима, четар чу а веана, белхар хӀоттийра.
3Шен елла зуда Ӏад а йитина, хьетахошца къамел дан вахара иза. 4#Ӏебархошка 11:9, 13; Векалийн 7:16. «Со шуна юккъехь тӀевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дӀаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дӀаерзо», – элира цо цу нахе.
5Хьетахоша жоп делира ИбрахӀиме: 6«Эла, хьо сийлахьчу элех цхьаъ ву тхуна юкъахь. Хьайн елларг тхан тоьллачу къубба чохь дӀайолла. Хьоьга цигахь зуда дӀайоллийта тхох цхьа а дуьхьал хир вац хьуна».
7ИбрахӀим, хьала а гӀаьттина, цу мехкан нахана хьалха охьатаьӀира. 8Цо элира цаьрга: «Нагахь шу билггал сан зуда дӀайолла суна гӀо дан лууш делахь, сан цӀарах ЦӀохьаран кӀантаца Ӏепронаца къамел дейша. 9Цуьнан латта чекхдоллучохь, шех Махпела олу меттехь йолу хьех эца лаьара суна. Цунах буьззина болу мах а лур бара ас, ткъа латта сайн зуда дӀайолла ас оьцуш хиларан шу тешаш хила а лаьара суна».
10Ӏепрон хьетахошна юкъахь хиина Ӏаш вара. ГӀалин кевнна хьалха баьхкинчу массо а нахана юкъара цо жоп делира ИбрахӀимна: 11«ХӀан-хӀа, эла, хӀокху сайн вежаршна хьалха ас дӀало хьуна и латта а, цу тӀехь йолу хьех а, хьайн зуда цу чохь хьоьга дӀайоллийтархьама».
12Кхин цкъа а хьетахошна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим. 13ТӀаккха, массарна а хезаш, цо Ӏепроне элира: «Оцу лаьттах хьуна буьззина мах бала лаьа суна. Соьгара ахча дӀаэцахьара ахь, тӀаккха сайн зуда дӀаюллур яра ас».
14Ӏепрона ИбрахӀимна жоп делира: 15«ЛадогӀахь соьга, эла: диъ бӀе шекхал дато ахча хьуна а, суна а хӀумма а йоцург ю! Хьайн елларг дӀайоллахь».
16Ӏепрона аьллачунна реза а хилла, хьетахошна хьалха лаьттах цӀе тоьхна мах дӀабелира ИбрахӀима. Цо делларг диъ бӀе шекхал дато ахча дара (шекхал совдегаршна юкъахь лелош долчу барамехь дара).
17Иштта Ӏепронан латта кхечуьнан дола делира. Мамари олучу меттигна уллохь, Махпелахь дара и латта. 18ИбрахӀиман дола делира латта а, цу тӀера хьех а, дитташ а. ИбрахӀиман а, Ӏепронан а хиллачу механ тешаш хилира гӀалин кевна хьалха баьхкина массо а хьетахой.
19Цул тӀаьхьа ИбрахӀима шен зуда Сарат оцу лаьтта тӀехь йолчу хьеха чохь дӀайоьллира. И меттиг КанаӀан-махкахь йолчу Мамарина (хӀинца Хьеврон) гена йоццуш яра. 20ИбрахӀима хьетахошкара латта а, цу тӀера хьех а эцна, цунах нах дӀабухку меттиг йира.

Atualmente selecionado:

Доладалар 23: CHE

Destaque

Partilhar

Copiar

None

Quer salvar os seus destaques em todos os seus dispositivos? Faça o seu registo ou inicie sessão