Лака 21
21
Йисина Ӏачу зудчун сагӀа
(Марк 12:41-44)
1Ӏийсана гира хьалдолчу наха Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина чу сагӀина хӀума луш. 2Цхьа йисина Ӏаш йолу къен зуда а гира Цунна. Цу зудчо ши жима цӀестан ахча охьадиллира. 3«Бакъдерг боху шуьга, – элира Ӏийсас, – хӀокху йисина Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду. 4Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа цо шен таро йоццушехь, шена юучунна хӀумма а ца дуьссушехь, дерриг а охьадиллина».
Делан цӀа дохор хиларх лаьцна
(Маттай 24:1, 2; Марк 13:1, 2)
5Цхьаболчу Ӏийсан мурдаша тидам бира Делан цӀа дезачу мехалчу тӀулгех а, Далла деанчу совгӀатех а кечдина хилар. Амма Ӏийсас элира: 6«Цхьа хан йогӀур ю, хӀара шуна гуш дерг дерриг а дохош, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».
ТӀаьхьарчу заманан билгалонаш
(Маттай 24:3-14; Марк 13:3-13)
7Мурдаша хаьттира: «Устаз! Маца хир ду иза? ХӀун билгало хир ю и хиндерг тӀекхачаран?»
8Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тӀекхочуш ю“, – бохуш. Царна тӀаьхьа ма хӀитталаш. 9ТӀемах я гӀаттамах шайна хӀума хазахь, кхера ма лолаш. И дерриг цкъа хьалха хир ду, амма чаккхе иштта сиха хир яц».
10Ӏийсас кхидӀа а дуьйцура: «Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. 11МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю, ун а хир ду, инзаре а, кхераме а хӀуманаш хир ду, стигалара тамашийна билгалонаш а хир ю. 12Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу. 13ТӀаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун. 14#Лака 12:11, 12. Хаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш. 15Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн. 16Дайша-наноша а, вежарша а, гергарчара а, доттагӀаша а ямартло йийр ю шуна, цхьаберш бойур а бу шух. 17Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу. 18Амма кхера ма кхералаш, шун кортош тӀера цхьа мас а галъер яц. 19Собаре хилахь, шайн синош кӀелхьардохур ду аша».
Ярушалайм йохор хиларх лаьцна
(Маттай 24:15-21; Марк 13:14-19)
20«Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар. 21ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гӀалахь берш цу чуьра арабовла беза, гӀалина арахь берш чу ца богӀуш совца беза, 22#ХӀушаӀ 9:7. хӀунда аьлча уьш „таӀзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама. 23Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тӀе, Дела оьгӀазгӀур ву кху халкъана. 24Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дӀаяллалц».
Адамийн КӀант схьавар
(Маттай 24:29-31; Марк 13:24-27)
25 #
ЕшаӀ-ЯхӀу 13:10; Яхьазкхиал 32:7; Юал 2:31; Довзийтинарг 6:12, 13. «Малха тӀехь, батта тӀехь, седарчаш тӀехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хӀордан тулгӀенийн гӀовгӀано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду. 26Лаьтта тӀе буссур болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела. 27#Даниал 7:13; Довзийтинарг 1:7. ТӀаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тӀехула вогӀу Адамийн КӀант“. 28И хила доьлча, хьала а гӀовттий, шайн кортош хьалаайа, хӀунда аьлча шун кӀелхьардахар герга кхаьчна».
Комарийн дитт масална далош дина дустар
(Маттай 24:32-35; Марк 13:28-31)
29Ӏийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а. 30Царна тӀе гӀаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 31Иштта ду кхузахь а, и хӀуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла.
32Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а. 33Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
Дийший ма Ӏахка
34«Варелаш, тӀехъюучу хӀумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дӀа ма лецийталаш, хӀунда аьлча оцу дийно дӀалоцур ду шу, 35цӀеххьана цхьаъ лаца йинчу кӀелоно санна. Дуьнен чуьра массо а адамна тӀекхочур ду и де. 36Гуттар а сема хила, доӀанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КӀантана хьалха хӀитта кийча хилархьама».
37 #
Лака 19:47. Дийнахь Ӏийсас Делан цӀа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тӀе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура. 38Ӏуьйранна хьалххе Цуьнга ладогӀа адамаш догӀура Делан цӀа лаьттачу керта.
Trenutno izabrano:
Лака 21: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012