Лака 4
4
Ӏийса зер
(Маттай 4:1-11; Марк 1:12, 13)
1Делан Синах вуьззина веара Ӏийса Йордан-хи тӀера. Делан Сино Иза яьссачу метте дӀавигира. 2Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХӀара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Ӏийсас хӀума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза.
3Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КӀант велахь, хӀокху тӀулге бепиг хила ала».
4 #
Карлабаьккхинарг 8:3. Ӏийсас жоп делира: «„Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац“, – аьлла, яздина ду».
5Юха, лаккхарчу метте хьала а ваьккхина, бӀаьрган негӀар тухучу ханна дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш гайтира Цунна иблисо. 6ТӀаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тӀехь олалла дар а, церан сийлалла а, хӀунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дӀадала йиш ю сан. 7И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Ӏибадат дахь».
8 #
Карлабаьккхинарг 6:13. Амма Ӏийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»
9Иблисо Ӏийса Ярушалайме а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КӀант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало. 10#Забур 90:11, 12. Яздина ма ду: „Везачу Эло шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“, – аьлла. 11Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».
12 #
Карлабаьккхинарг 6:16. Амма Ӏийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“, – аьлла, яздина ду».
13Ӏийса зийна а даьлла, иблис дӀадахара, юха шен аьтто баллалц.
Ӏийса Галилайхь хьехамаш бан волало
(Маттай 4:12-17; Марк 1:14, 15)
14Ӏийса, Делан Синан ницкъ Шеца болуш, Галилай-махка юхавеара. Цунах лаьцна берриг махкахь дуьйцуш дара. 15Церан гуламан цӀеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза.
Ӏийса Назарт-гӀалахь тӀе ца оьцу
(Маттай 13:53-58; Марк 6:1-6)
16Ша кхиинчу Назарт-ГӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь, гуттар а Ша ма-варра, жуьгтийн гуламан цӀа чу веара Иза, Дала делла Йозанаш деша. 17Цунна схьаделира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина, хьарчийна тептар. И схьа а даьстина, оьшу меттиг схьа а лехна, дӀадийшира Цо:
18 #
ЕшаӀ-ЯхӀу 61:1, 2 (Грекийн). «Везачу Элан Са дагца ду сан,
хӀунда аьлча Цо со къобалвина
мискачарна хаза кхаъ кхайкхо.
Цо со хаам бан ваийтина:
чубоьхкинарш паргӀат а бохур бу,
бӀаьрзечарна серло а лур ю.
Со ваийтина ву Ӏазапехь берш мукъабаха,
19Везачу Эло Ша нахана дика болх бен йолу хан дӀахаийта».
20И дешна а ваьлла, тептар дӀа а хьарчийна, цӀа чохь гӀуллакх дечу стаге дӀаделира Цо. Юха Ӏийса охьахиира. Чохь верг массо а Кхуьнга схьахьоьжуш вара. 21Ӏийсас элира: «Тахана кхочушхилла хӀокху тептар тӀехь яздинарг, шуна иза хезачу хенахь».
22Массо а, ХӀара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кӀант ма ву Иза?» – бохуш.
23ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аша эр ду Соьга, олуш ма-хиллара: „Лор, айхьа-хьайна дарба де“. Цу тӀе а доьгӀна, аш ала мега: „Тхуна хезнера Къапарнамехь хилларг. Кхузахь, Хьо кхиинчу гӀалахь, изза де“, – аьлла». 24#Яхьъя 4:44. Юха Ӏийсас тӀетуьйхира: «Ма-дарра бакъ ду: ша схьаваьллачу махкахь пайхамар тӀеоьцуш ца хилар. 25#Сулим 17:1. Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхӀу-пайхамаран заманахь дукха бисина Ӏаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догӀа а ца деана, мацалла хӀоьттинера берриг а махкахь. 26#Сулим 17:8-16. Амма оцу зударшна цхьанна а тӀе ца веанера Эли-ЯхӀу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦӀадан-махкара Сарпатера йисина Ӏаш йолу зуда яра. 27#Сулим 5:1-14. Дуккха а дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолуш нах бара Исраилехь ЭлишаӀ-пайхамар волчу хенахь. Амма оцу нахах даьӀнех цхьа сирийхо НаӀаман воцург цхьа а цӀан ца велира».
28И дешнаш хезча, оцу цӀа чохь волу массо а, оьгӀазвахана, 29хьалаиккхира. Цара Ӏийса гӀали чуьра араваьккхира. И гӀала тӀехь лаьттачу лома йистте схьа а валийна, Иза Ӏинна чукхосса гӀерташ бара уьш. 30Амма Ӏийса, нахана юккъехула а ваьлла, Шен некъахула дӀавахара.
Жино хьийзош волу стаг
(Марк 1:21-28)
31Галилай-махкарчу Къапарнам цӀе йолчу гӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо. 32#Маттай 7:28, 29. Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгӀуш Ӏара, хӀунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел. 33Гуламан цӀа чохь жино талхийна цхьа стаг вара. Оцу стага мохь хьаькхира: 34«ХӀей, Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца, Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш.
35Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Цунна чуьра арадала!» – аьлла. Цу нахана юккъехь и стаг охьа а тоьхна, цунна чуьра жин араделира, цу стагана зен а ца деш.
36Массо а наха, чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хоьттура: «И хӀун хьехам бу? Жинаш, Цуьнан омре ладугӀий, стагана чуьра арадовлу. Царна тӀехь олалла до Цо», – бохуш. 37Ӏийсах лаьцна оцу махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
Ӏийсас дукха адам тодо
(Маттай 8:14-17; Марк 1:29-34)
38Ӏийса, гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, ШамӀа волчу цӀа вахара. ШамӀин стуннана дагар долуш Ӏуьллуш яра. Ӏийсага цунна дарба де аьлла, дехнера. 39Оцу зудчунна тӀехула а хӀоьттина, дагаре дегӀах дӀакъаста аьлла, омра дира Цо. Дагар дӀаделира, и зуда, хьала а гӀаьттина, кхарна хьошалла дан йолаелира.
40Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Ӏийсана тӀе. Царна хӀоранна тӀе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо. 41Дукхахдолчу адамех жинаш дӀакъаьстира: «Хьо Делан КӀант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Ӏийсас царна иза ала ца магадора, хӀунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла.
Ӏийсас ЯхӀуд-махкахь хьехамаш бо
(Марк 1:35-39)
42ШолгӀачу дийнахь, Ӏуьйранна, цхьа а адам доцучу метте вахара Иза. Амма нах Иза леха хӀиттира, ткъа И волчу а баьхкина, уьш Иза сацо гӀерташ бара, шаьш долчуьра дӀацавахар а доьхуш. 43Амма Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ баржош, кхечу меттигашка а кхача везаш ву Со, хӀунда аьлча Со оцу балхана ваийтина ву».
44ЯхӀуд-махкахь тайп-тайпанчу меттигашка а воьдуш, гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш бора Цо.
Trenutno izabrano:
Лака 4: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012