1
Лака 17:19
Делан Йозанаш
ТӀаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагӀатта, дӀавало. Хьан тешаро цамгарх кӀелхьарваьккхи хьо».
Jämför
Utforska Лака 17:19
2
Лака 17:4
Нагахь хьан вашас дийнахь ворхӀазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхӀаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, – алахь, гечде цунна».
Utforska Лака 17:4
3
Лака 17:15-16
Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира. Ӏийсана хьалха гора а воьжна, Цунна баркаллаш баха хӀоьттира иза. Иза шамранхо вара.
Utforska Лака 17:15-16
4
Лака 17:3
Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна.
Utforska Лака 17:3
5
Лака 17:17
ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Итт стаг ца товелла цамгарх? Важа исс мичахь ву?
Utforska Лака 17:17
6
Лака 17:6
Ӏийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хӀорда чу догӀало!“ Цо аш бохург дийр дара.
Utforska Лака 17:6
7
Лака 17:33
Шен са лардечо иза хӀаллакдийр ду, ткъа са дӀалочо иза Ӏалашдийр ду.
Utforska Лака 17:33
8
Лака 17:1-2
Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Стаге къа латадойтуш долу хӀума тӀе ца догӀуш дуьсур дац. Амма декъаза ву ша бахьана долуш нахе къа латадайтина стаг. Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тӀулг, коча а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтар гӀоле ю цу стагана.
Utforska Лака 17:1-2
9
Лака 17:26-27
Нохьа-пайхамаран деношкахь ма-хиллара хир ду Адамийн КӀентан деношкахь а. Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хӀордкеманна чу валлалц. Амма цул тӀаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хӀаллакьхилира.
Utforska Лака 17:26-27
Hem
Bibeln
Planer
Videor