Доладалар 8
8
1Нохьа а, Нохьица хинкеман чохь йолу ерриге акхарой а, дерриге а даьхни а Шена дагахь долу дела, лаьтта тӀе мох бахийтира Дала. ТӀаккха хиш лагӀделира. 2Гобаьккхина долу лаьтта бухара хьаладуьйлу хиш совцийнера, стигалш дӀа а къовлаелла, догӀучуьра догӀа а сацийнера. 3Цхьа бӀе шовзткъе итт де даьлча, лаьтта тӀера хи, тӀаьхь-тӀаьхьа шен метта а доьрзуш, лагӀлуш дара. 4ВорхӀалгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь хинкема Арарат-лаьмнашкахь сецира. 5Хи тӀедаларан уьтталгӀа бутт болуш хи лагӀлуш лаьтташ дара, ткъа уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь лаьмнийн баххьаш гучудевлира.
6Шовзткъа де даьлча, Нохьас дӀадиллира ша дина хинкеманан кор. 7ТӀаккха къиг арахийцира цо, иза тӀема а йолуш, юха а йогӀуш лийлира, латта хих дакъадаллалц. 8Цул тӀаьхьа кхокха ара хийцира цо, лаьтта тӀера хиш лагӀделла даьллий-те хаархьама. 9Амма кхокханна ца карийра шен когаш тӀебилла екъа меттиг, иза юха беара хинкеман чу, хӀунда аьлча хи хӀинца а долуш дара дерриге а лаьтта тӀехь. Нохьас шен куьг а кховдийна, кхокха схьаийцира хинкеман чу. 10Кхин а ворхӀ дийнахь собар а дина, Нохьас юха а арахийцира кхокха кеман чуьра. 11Суьйренца кхокха юхабирзира, шен зӀакар чохь керла зайт-диттан гӀа а дахьаш. ТӀаккха Нохьина хиира хи лаьтта тӀера дӀадаьллий. 12Кхин а ворхӀ дийнахь хьем а бина, юха а кхокха арахийцира Нохьас, цул тӀаьхьа кхокха юха ца бирзира. 13ТӀаккха хинкеманан неӀ дӀайиллира Нохьас. ДӀасахьаьжча, латта декъа хилар гира цунна. Иза дара хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь. Нохьин ялх бӀе цхьалгӀа шо дара цу хенахь. 14ШолгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь дерриге а латта дакъаделлера. 15ТӀаккха Дала Нохье элира:
16«Арадовла хинкеман чуьра хьо а, хьан зуда а, хьан кӀентий а, церан зударий а хьоьца. 17Массо а дийнаташ арадаха хьайца, массо а тайпана: олхазарш а, даьхни а, ерриге а лаьттан текхаргаш а. ДӀасадовлийла уьш лаьтта тӀехула. Лаьтта тӀехь дебийла уьш, тӀаьхье а луш».
18Нохьа а, цуьнан кӀентий а, цуьнан зуда а, кӀентийн зударий а арабевлира хинкеман чуьра. 19Царна тӀаьххье ерриге а акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, дерриге олхазарш а, лаьттахула мел лела са долуш йолу хӀума а араелира цу чуьра.
20ТӀаккха Везачу Элана лерина сагӀа доккхучу метте тӀулгаш хӀиттийра Нохьас. Шеца долчу даьхнин юкъара а, олхазаршна юкъара а тоьлла а, хьанал а дерш, цхьацца къаста а дина, Далла хьалха уьш дагийра цо. 21И тамехь йолу хаза хьожа дӀакхечира Далла. ТӀаккха Шен дагахь Везачу Эло элира:
«Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неӀалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хӀаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хӀума.
22ХӀинца дуьйна, латта мел ду,
цу тӀехь ялта дӀадер а, хьакхар а,
шело а, йовхо а,
аьхке а, Ӏа а,
де а, буьйса а
хийцадалар соцур дац».
Nu markerat:
Доладалар 8: CHE
Märk
Dela
Kopiera
Vill du ha dina höjdpunkter sparade på alla dina enheter? Registrera dig eller logga in
© Институт перевода Библии, 2012