Яхьъя 2
2
Кхана-юьртахьа зуда ялийна меттиг
1ТӀаккха кхоалгӀачу дийнахь Галилай-махкара Кхана-юьртахь зуда ялош хӀоттийна той дара. Ӏийсан нана а яра цигахь. 2Цига кхайкхина бара Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. 3ТӀаккха, той дӀа а дохале, чагӀар чекхдолу а гина, Ӏийсан нанас элира Цуьнга: «ЧагӀар чекхдели-кх кхеран».
4Ткъа Ӏийсас элира: «Нана, Суна тӀе хӀунда дуьллу ахьа и гӀуллакх? Сан хан хӀинца а тӀееана яц».
5ТӀаккха ялхошка нанас элира: «Цо шайга де аьлларг дерриг а де».
6Цигахь лаьтташ тӀулгах йина ялх кхаба яра. Цу кхабанаш чу иттех-пхийттех саьхьан барам хиллал хи тарлора. Жуьгташа куьйгийн цӀанонна а, юург лелочу пхьегӀашна а лелош дара и хи. 7Ӏийсас ялхошка элира: «И кхабанаш хих юза». Цара уьш тӀеххалц хих юьзира. 8ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас цаьрга: «Кхаби чуьра чагӀар а доттий, иза той дӀакхоьхьуш волчуьнга кховдаде». Ялхоша чагӀар тӀедаьхьира. 9Той дӀахьочо чагӀарх чам баьккхира. Ткъа и чагӀар хих даьккхина дуй ялхошна бен ца хаьара. ТӀаккха той дӀахьочо зудаялийнарг шена тӀекхайкхира. 10Зудаялийначуьнга цо элира: «Массара а хьалха дика чагӀар ло мала, ткъа нах бехначул тӀаьхьа вониг ло. Ахь дика чагӀар хӀинццалц ма-латтийна?»
11Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дӀадолийра Ӏийсас тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тӀаккха тийшира Ӏийсах Цуьнан мурдаш. 12#Маттай 4:13. Цул тӀаьхьа Ӏийса Къапарнаме веара. Цуьнан нана а, Цуьнан вежарий а, Цуьнан мурдаш а баьхкира Цуьнца цига. Масех де даьккхира цара цигахь.
Делан цӀийнан керт цӀанъяр
13 # Арадаккхар 12:1-27. «Пасахь» олу жуьгтийн деза де тӀедогӀуш дара. ТӀаккха Ӏийса Ярушалайме веара. 14Делан цӀийнан керта веача, цигахь Ӏийсана гира стерчий а, уьстагӀий а, кхокхарчий а духкуш берш. Ахчанаш хуьйцуш берш а бара цу кертахь хиъна Ӏаш. 15ТӀаккха тӀийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Ӏийсас шайн уьстагӀашца а, стерчашца а. ГӀопастанаш дӀа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо. 16Кхокхарчий духкучаьрга а элира Ӏийсас: «ДӀадаха хӀорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цӀийнах йохкаэцаран цӀа!»
17 #
Забур 68:10. ТӀаккха Ӏийсан мурдашна Делан Йозанаш тӀехь яздинарг дагадеара: «Хьан цӀийне болчу хьагамо Сан кийра багабо».
18Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Ӏийсага: «Иштта хӀума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хӀун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?»
19 #
Маттай 26:61; 27:40; Марк 14:58; 15:29. Ӏийсас жоп делира царна: «Аш хӀара Делан цӀа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дӀахӀоттор ду иза», – аьлла.
20ТӀаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХӀара Делан цӀа шовзткъе ялх шарахь дина дӀахӀоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дӀахӀоттор ду иза?»
21Амма Ӏийсас Делан цӀийнах лаьцна бохург Шен дегӀах лаьцна бохург дара. 22Ӏийса веллачуьра денвича, Цуьнан мурдашна Цо аьлла и дешнаш дагадеара. ТӀаккха тийшира уьш Делан Йозанех а, Ӏийсан дашах а.
Ӏийсана массо а адам девза
23Пасахьан дезачу дийнахь, Ӏийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах. 24Амма Ӏийсас Ша цхьанна а кӀорггера ца вовзуьйтура, хӀунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара. 25Цундела Ӏийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.
Nu markerat:
Яхьъя 2: CHE
Märk
Dela
Kopiera
Vill du ha dina höjdpunkter sparade på alla dina enheter? Registrera dig eller logga in
© Институт перевода Библии, 2012