Лака 23

23
Ӏийса Пулат волчу валаво
(Маттай 27:1, 2, 11-14; Марк 15:1-5; Яхьъя 18:28-38)
1Цул тӀаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гӀаьттина, Ӏийса а эцна, Пулатана тӀе бахара. 2Цигахь Иза бехке ван хӀиттира уьш: «Тхуна хӀара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду».
3Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?»
Ӏийсас жоп делира: «Ахь а боху-кх иза».
4ТӀаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дӀахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан».
5Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхӀуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хӀинца кхуза а кхаьчна».
Ӏийса ХӀародана хьалха
6И дешнаш а хезна, Пулата хаьттира: «ХӀара стаг галилайхо ву?» – аьлла. 7Ткъа шена Ӏийса ХӀародан куьйга кӀел болчу махкара вуй хиъча, цо Иза цу хенахь Ярушалайме веана волчу ХӀародана тӀе хьажийра. 8Ӏийса гича, чӀогӀа самукъаделира ХӀародан, хӀунда аьлча дукха хенахь дуьйна Иза ган лууш ша волу дела. Цунна Ӏийсах лаьцна дукха хӀуманаш хезнера, цундела Цуьнгара цхьа тамашийна болх ган лууш вара иза. 9Цо Ӏийсага дуккха а хеттарш дира, амма Вукхо цхьа а жоп ца делира. 10Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а бара цигахь, шайн ма-хуьллу Ӏийса бехке веш. 11ХӀарода а, цуьнан тӀемалоша а, бела а бийлина, доггах Ӏийса сийсаз а вина, Цунна тӀе дезачу, лепачу кӀадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дӀахьажийра. 12ХӀинццалц схьа ши мостагӀа хилла волу Пулат а, ХӀарод а цу дийнахь ши доттагӀа хилира.
Ӏийса вен кхел йо
(Маттай 27:15-26; Марк 15:6-15; Яхьъя 18:39–19:16)
13Пулата динан дайшка а, хьаькамашка а, халкъе а, схьа а кхайкхина, 14элира: «ХӀара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тӀе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тӀедожийнарг суна гучу ца дели. 15ХӀародана а ца карийна Цуьнан бехк болуш хӀумма а, цундела цо юхаваийтина Иза. Шуна ма-гарра, Цо хӀумма ца дина Иза вен бахьана хиллал. 16Ас, вай деш ма-хиллара, шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза»#23:16 Цхьадолчу тептаршна тӀетоьхна ду Маркан тептар тӀера (15:6) 17-гӀа аят: ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчарах цхьаъ арахеца везаш вара Пулат..
18Амма массо а цхьаьний маьхьарий хьекха буьйлабелира: «Ве Иза! Барраб тхуна схьахеца!» – бохуш. 19(ГӀалахь нах карзахбахарна а, стаг верна а чувоьллина вара Барраб.)
20Пулата, Ӏийса дӀахеца лууш, кхин цкъа а хаьттира халкъе. 21Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.
22Пулата кхозлагӀа а хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза!»
23Амма цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура, Иза жӀарах дӀатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира. 24Цо сацам бира церан лаам кхочушбан. 25Цара ма-деххара, стаг вийна а, адам карзахдаьккхина а волу зуламхо дӀа а хецна, церан лаам кхочушбе аьлла, омра дира цо.
Ӏийса жӀарах дӀатохар
(Маттай 27:32-44; Марк 15:21-32; Яхьъя 19:17-27)
26Ӏийса дӀавуьгучу хенахь тӀемалоша шен кха тӀера вогӀу Къуринара ШамӀа цӀе йолу цхьа стаг схьалецира. ЖӀаран бӀогӀам цуьнга ги а боллийтина, Ӏийсана тӀаьххье дӀабахьийтира цара.
27Ӏийсана тӀаьхьа дукха адам догӀура, царна юкъахь Цунах къахеташ боьлху зударий а бара. 28Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: «Ярушалайман йоӀарий, Сох ма делха, шайх а, шайн берех а делха. 29Цхьа хан йогӀур ю наха олуш: „Ирс долуш бу бер ца хуьлурш а, бер цкъа а даза берш а, цкъа а дакхоза берш а“. 30#ХӀушаӀ 10:8; Довзийтинарг 6:16. ТӀаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тӀе эгийша!“ гунашка: „Тхо дӀахьулдейша!“ 31ТӀе гӀа даьллачу къоначу диттаца и болх беш хилча, декъачу диттах хӀун хир ду?»
32Ӏийсаца вен вуьгуш ши талорхо а вара. 33«Туьта» олучу метте схьабаьхкира уьш. Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира, ши талорхо а – цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор дӀатуьйхира. 34#Забур 21:19. Ӏийсас бохура: «Дада, гечдехьа кху адамашна, шаьш хӀун деш ду ца хаьа-кх кхарна».
ТӀемалоша, кхаж а тосуш, Ӏийсан тӀеюху хӀуманаш йийкъира. 35#Забур 21:8. Нах, дӀа а хӀиттина, хьоьжуш лаьттара. Хьаькамаш Цунах боьлура: «Кхиберш кӀелхьарбохура Цо! ХӀинца Ша кӀелхьарваккха, нагахь Иза Дала леррина Къобалвинарг велахь!»
36 # Забур 68:22. ТӀемалой а бара уллохь лаьтташ, бела а боьлуш. Цара Ӏийсага кемсийн къонза кховдийра: 37«Хьо кӀелхьарваккха, нагахь Хьо жуьгтийн къоман Паччахь велахь!» – аьлла.
38Ӏийсана тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара жуьгтийн къоман Паччахь ву», – аьлла.
39ЖӀарах дӀатоьхначу цхьана талорхочо Ӏийса сийсазвеш бохура: «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг вац? Хьуо а, тхо а кӀелхьардаха!»
40ШолгӀачо шен накъост сецавора: «Делах ца кхоьру хьо? Изза таӀзар дац хьуна динарг а? 41Вайшинна дина таӀзар нийса, догӀуш дина ду, ткъа кху стеган цхьа а бехк бац». 42Цо элира Ӏийсага: «Ӏийса, со дагаваийталахь, Айхьа Хьайн Олалла кхочушдеш».
43ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Билггала боху хьоьга: тахана Соьца ялсаманехь хир ву хьо».
Ӏийса кхалхар
(Маттай 27:45-56; Марк 15:33-41; Яхьъя 19:28-30)
44Дийнан делкъахан еара. Лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, иза кхаа сахьтехь лаьттира. 45#Арадаккхар 26:31-33. Малх лаьцнера. Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа юккъехула декъаделира. 46#Забур 30:6. Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Дада! Сайн са Хьан кара дӀало Ас!» Иза а аьлла, Ӏийса кхелхира.
47Дерриг иза гиначу тӀеман хьаькамо, Далла хастам а бина, элира: «И стаг билггала Делан лаамехь вара!»
48Хьовса баьхкина нах, дерриг а хилларг гича, чӀогӀа халахеташ, гӀайгӀанца некха тӀе куьйгаш а детташ, юхабирзира. 49#Лака 8:2, 3. Амма Ӏийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тӀаьхьа баьхкина зударий а тӀехь, геннара хьоьжуш лаьттара.
Ӏийса дӀаволлар
(Маттай 27:57-61; Марк 15:42-47; Яхьъя 19:38-42)
50Юсуп цӀе йолуш цхьа стаг вара цигахь. Иза кхеташона юкъахь а волуш, Делан лаамехь, дика стаг вара. 51Цо Ӏийсана йина кхел къобал ца йинера. ЯхӀуд-махкахь йолчу Рамат цӀе йолчу гӀалара вара иза. Делан Олалла тӀекхачаре сатуьйсура цо. 52Пулат волчу а веана, Ӏийсан дакъа схьадийхира Юсупа. 53Цо дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. Цу къубба чу цхьа а дакъа диллаза дара. 54Иза пӀераскан де дара – Далла лерина шоьтан денна кечам бо хан тӀейогӀуш яра.
55Галилайра дуьйна Ӏийсаца баьхкина зударий а бахара Юсупна тӀаьхьа. Ӏийсан дакъа къубба чу дуьллуш гира царна. 56#Арадаккхар 20:10; Карлабаьккхинарг 5:14. Цара, цӀа а баьхкина, хаза хьожа йогӀу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тӀедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьӀира цара.

Nu markerat:

Лака 23: CHE

Märk

Dela

Kopiera

None

Vill du ha dina höjdpunkter sparade på alla dina enheter? Registrera dig eller logga in