1
Доладалар 14:20
Делан Йозанаш
Хьан мостагӀий эшо хьуна гӀо динчу Веза Воккхачу Далла хастам бер вай». ТӀамехь даьккхинчух уьтталгӀа дакъа Малки-ЦӀадакъина дӀаделира Ибрама.
సరిపోల్చండి
Explore Доладалар 14:20
2
Доладалар 14:18-19
Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гӀалин паччахь Малки-ЦӀадакъа велира, бепиг а, чагӀар а эцна, Ибрамна дуьхьал. Ибрам декъал а веш, цо элира: «Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала декъалвойла хьо.
Explore Доладалар 14:18-19
3
Доладалар 14:22-23
Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дӀакховдийначу куьйгаца чӀагӀо йо ас, хьан долахь долчух цхьа хӀума, ур-атталла тай я мачин бахтар а схьаоьцур дац аьлла. Суна ца лаьа хьоьга алийта: „Аса Ибрам ваха хаийна“.
Explore Доладалар 14:22-23
హోమ్
బైబిల్
ప్రణాళికలు
వీడియోలు