Доладалар 12
12
Ибрама Дала тӀедиллинарг кхочушдар
1 #
Векалийн 7:2, 3; Ӏебархошка 11:8. Везачу Эло элира Ибраме:
«Хьайн мохк а, халкъ а, ден цӀа а дӀа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо.
2Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду,
хьо декъал а вийр ву,
хьан цӀе а ойур ю,
наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу.
3 #
Галатахошка 3:8. Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш,
неӀалт а эр ду хьуна неӀалт кхайкхочарна,
дуьнен чуьра массо а халкъ
хьоьгахула декъал а дийр ду».
4Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара. 5Цо шен зуда Сарет а, вешин кӀант ЛутӀа а вигира шеца. ХӀаранехь ша да мел волу хӀума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дӀабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХӀаран-гӀала дӀа а тесна, КанаӀан цӀе йолчу махка баьхкира. 6Цу махкахула дӀа а вахана, Шехем цӀе йолу гӀала йолчу а, МорахӀ цӀе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара канаӀанхой.
7 #
Векалийн 7:5; Галатахошка 3:16. Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду».
Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. 8Цигара дӀа а вахана, Бетал-гӀалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дӀахӀоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гӀала яра, малхбалехьа ГӀай-гӀала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагӀа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира. 9Юха, новкъаваьлла, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арехьа кхидӀа а вахара иза.
Ибрам Мисар-махкахь
10ЧӀогӀа мацалла хӀоьттира цу махкахь, цундела Ибрам ваха Мисар-махка дӀавахара. 11Шаьш Мисар-махка дӀакхочуш, цо элира шен зудчуьнга Сарете:
«Суна хаьа хьо хаза зуда юйла. 12Мисархошна хьо гича, цара эр ду: „Иза цуьнан зуда ю“. Цара со вуьйр ву, хьо шайна йитархьама. 13#Доладалар 20:2; 26:7. Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тӀаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кӀелхьардоккхур ду».
14Иштта хила а хилира иза. Ибрам Мисар-махка веача, мисархошна Саретан хазалла гира. 15ПирӀунна гонах болчу элашна а гира Сарет. Цара пирӀуне элира, иза исбаьхьа зуда ю аьлла. ПирӀуно иза шен цӀийне схьаялаяйтира. 16Ибрам Саретан ваша ву моьттуш, пирӀун цуьнца дика вара. Цо Ибрамна дуккха а даьхни а, уьстагӀий а, варраш а, эмкалш а, ялхой-божарий а, ялхой-зударий а белира.
17Амма Ибраман зуда Сарет дӀайигар бахьана долуш, Везачу Эло хала цамгарш яхкийтира пирӀунна а, цуьнан чохь болчарна а тӀе. 18ТӀаккха, Ибрам схьа а кхайкхина, элира пирӀуно:
«ХӀара хӀун ду ахь суна динарг? Сарет хьайн зуда ю хӀунда ца элира ахь? 19Иза хьайн йиша ю ахь аьлча, сайна йига дагахь хиллера со. ХӀара ю хьуна хьан зуда, иза, схьа а эций, дӀагӀо кхузара!» – аьлла.
20Шен ялхошка, Ибрам Мисарара араваккха аьлла, омра дира пирӀуно. Цара Ибрам, шен зуда а, дерриг а шен долахь дерг а эцна, дӀахьажийра цигара.
ప్రస్తుతం ఎంపిక చేయబడింది:
Доладалар 12: CHE
హైలైట్
షేర్ చేయి
కాపీ
మీ పరికరాలన్నింటి వ్యాప్తంగా మీ హైలైట్స్ సేవ్ చేయబడాలనుకుంటున్నారా? సైన్ అప్ చేయండి లేదా సైన్ ఇన్ చేయండి
© Институт перевода Библии, 2012

: