Доладалар 14

14
Ибрама ЛутӀа кӀелхьарвоккху
1Амрапал ШанӀар-мехкан паччахь вара, Арихан Эласар-мехкан паччахь вара, Кедирал-Ӏумар Ӏейлам-мехкан паччахь вара, ткъа Тида-Ӏела Гойим цӀе йолчу къоман паччахь вара. 2И массо а паччахьаш тӀамца дуьхьалбахара Седам-гӀалин паччахьна БераӀна а, Ӏамор-гӀалин паччахьна БиршаӀна а, Удам-гӀалин паччахьна Шани-Абуна а, ЦӀабайма-гӀалин паччахьна Шима-Ибарина а, БулаӀ-гӀалин (хӀинца ЦӀоӀар-гӀала цӀе йолчу) паччахьна а. 3Кхара шайн эскарш цхьаьнатуьйхира Сидим цӀе йолчу тогӀи чохь, хӀинца Дуьра хӀорд лаьттачохь. 4Шийтта шарахь Кедирал-Ӏумар цӀе йолчу паччахьан куьйга кӀелахь бара уьш, кхойтталгӀачу шарахь цунна дуьхьал гӀевттира и паччахьаш. 5ДейтталгӀачу шарахь Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а тӀамца царна дуьхьал а бевлла, Ӏаштерот-Кхарнаимехь репаш цӀе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а, 6СеӀир-лаьмнашкахь Ӏаш болу хьорихой а, яьссачу аренца доза долчу Эл-Парана тӀекхаччалц долу къаьмнаш эшийра. 7Цул тӀаьхьа Кедирал-Ӏумара, къилбаседехьа юха а вирзина, Ӏейн-Мишпате (хӀинца Кхадеш олучу метте) а веана, Ӏамалекхахой олучу къомана тӀехь толам баьккхира, цул сов, Хьаццон-Тамарехь Ӏаш болу эмархой эшийра. 8Седаман а, Ӏаморан а, Удаман а, ЦӀабаймин а, (хӀинца шех ЦӀоӀар олучу) БулаӀан а паччахьаш цхьаьна а кхетта, шайн мостагӀашца тӀом бан Сидим олучу тогӀи чу биссира. 9Уьш тӀом беш бара Ӏейламарчу паччахьца Кедирал-Ӏумарца а, гойимхойн паччахьца Тида-Ӏелица а, ШанӀар-махкарчу паччахьца Амрапалаца а, Эласар-махкарчу паччахьца Ариханца а. Виъ пхеанна дуьхьал. 10Сидим-тогӀи чохь дуккха а оьрнаш дара шайна чохь силам долуш. Седамера а, Ӏаморера а паччахьаш бевдча, дуккха а тӀемалой цу оьрнаш чу ийгира, вуьш лаьмнашкахь къайлабевлира. 11ТӀаккха Седамера а, Ӏаморера а бахархойн долахь дерг а, тӀаьхьалонна дӀадиллинарг а – дерриг а, схьа а эцна, дӀабахара мостагӀий. 12Ибраман вешин кӀант ЛутӀа Седамехь Ӏаш вара. Иза йийсаре вигира, цуьнан берриг а бахам мостагӀаша дӀабаьхьира.
13КӀелхьарваьллачу цхьаммо вахана Ӏебаран тӀаьхьенах волчу Ибраме дийцира хиллачух лаьцна. Цу хенахь Ибрам Мамарин долахь долу ножан деза дитташ долчохь Ӏаш вара. Эмархо волчу Мамарис а, цуьнан вежарша Ашкула а, Ӏанурис а барт бинера шайна юкъахь а, Ибрамца а, вовшийн гӀо дийр ду аьлла. 14ЛутӀа дӀалаьцна ву аьлла хезча, шен хӀусамехь кхиъна волу кхо бӀе берхӀитта ялхо герзашца кеч а вина, Дан-гӀали тӀекхаччалц мостагӀа эккхийна вахара Ибрам. 15Бекъа а белла, цу буссехь мостагӀашна тӀе а летта, уьш лаьхкина Дамасакх-гӀалина къилбаседехьа йолчу, Хьоба цӀе йолчу метте кхаччалц дӀабигира цара. 16МостагӀаша дӀабаьккхина хилла болу бахам а, зударий а, ялхой а, шен бахамца цхьаьна ЛутӀа а – дерриг а юхадерзийра Ибрама.
17Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а эшийна, цӀа вирзира Ибрам. Шех хӀинца Паччахьан тогӀи олучу, Шаву цӀе йолчу тогӀи чохь цунна дуьхьалвеара Седаман паччахь. 18#Ӏебархошка 7:1-10. Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гӀалин паччахь Малки-ЦӀадакъа велира, бепиг а, чагӀар а эцна, Ибрамна дуьхьал. 19Ибрам декъал а веш, цо элира:
«Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала
декъалвойла хьо.
20Хьан мостагӀий эшо хьуна гӀо динчу Веза Воккхачу Далла
хастам бер вай».
ТӀамехь даьккхинчух уьтталгӀа дакъа Малки-ЦӀадакъина дӀаделира Ибрама.
21ТӀаккха Седаман паччахьо элира Ибраме: «Даьккхина хьал хьайна а дитий, мостагӀчо дӀалаьцна хилла болу сан нах схьалохьа».
22Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дӀакховдийначу куьйгаца чӀагӀо йо ас, 23хьан долахь долчух цхьа хӀума, ур-атталла тай я мачин бахтар а схьаоьцур дац аьлла. Суна ца лаьа хьоьга алийта: „Аса Ибрам ваха хаийна“. 24Ас схьаоьцун берг сан кегийрхоша биина кхача бу, амма соьца хиллачу нахана догӀу дакъа дӀадала деза ахьа. Ӏанурина а, Мамарина а, Ашкуланна а догӀург дӀало».

ప్రస్తుతం ఎంపిక చేయబడింది:

Доладалар 14: CHE

హైలైట్

షేర్ చేయి

కాపీ

None

మీ పరికరాలన్నింటి వ్యాప్తంగా మీ హైలైట్స్ సేవ్ చేయబడాలనుకుంటున్నారా? సైన్ అప్ చేయండి లేదా సైన్ ఇన్ చేయండి