Доладалар 18
18
Кхо хьаша
1Веза Эла юха а ИбрахӀимна дуьхьалхӀоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахӀим. Де дохделлачу хенахь шен четар кӀелахь, араволучу меттехь, Ӏаш вара иза. 2#Ӏебархошка 13:2. Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим. 3«Эла! – элира ИбрахӀима, – Хьо суна реза велахь, доьху хьоьга, хьайн ялхо волчохь жимма сацахь. 4Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кӀел садаӀа меттиг а ю шуна. 5Шайн догӀмашкахь гӀора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидӀа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча».
Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха».
6Юха сихонца четар кӀел а вахана, Сарате элира ИбрахӀима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де». 7ТӀаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дӀа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо. 8Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хӀоттийра ИбрахӀима, ткъа ша царна уллохь дитта кӀелахь сецира, уьш хӀума юуш болчу юкъана.
9Цара хаьттира ИбрахӀиме: «Хьан зуда Сарат мичахь ю?»
«Кхузахь, четар кӀелахь ю иза», – элира ИбрахӀима.
10 #
Римхошка 9:9. «Со бӀаьста юхавогӀур ву, – элира царах цхьаммо, – цу хенахь хьан зудчун Саратан кӀант хир ву».
Царна тӀехьа лаьттачу четарна кӀелахь йолу Сарат ладугӀуш яра церан къамеле. 11ИбрахӀим а, Сарат а чӀогӀа хенара дара, Сарат бер хуьлучу хенара яьллера. 12#1 Кипин 3:6. Ела а йоьлуш, ша-шега бохура цо: «Со къена ю, сан майра а ву къена. Оьший-те суна и ирс?»
13ТӀаккха Везачу Эло элира ИбрахӀиме: «Сарата, ела а йоьлуш, хӀунда боху, шен бер хир дуй-те, ша къена ма ю? 14#Лака 1:37. Везачу Элана дан хала хӀумма а дуй? ХӀан-хӀа! Айса ма-аллара, Со бӀаьста юхавогӀур ву, цу хенахь Саратан кӀант хир ву».
15Сарата элира: «Со йоьлуш яцара!» Ша кхераелла дела элира цо иштта. Амма Везачу Эло элира: «ХӀан-хӀа, хьо елаелира».
ИбрахӀима Седам-гӀалин бахархойн дуьхьа дехар дар
16ТӀаккха божарий, хьала а гӀевттина, лакхара чухьаьвсича, Седам-гӀала гун йолчу метте бахара. Уьш новкъабаха тӀаьхьавелира ИбрахӀим. 17Везачу Эло элира Ша-шега: «Со дан воллург Ас ИбрахӀимах лачкъор дац. 18ИбрахӀимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду. 19Аса ИбрахӀим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тӀаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТӀаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна». 20Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Ӏаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла. 21Суна ма-хаззара гӀуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тӀаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна».
22Божарий Седам-гӀала йолчухьа дӀабуьйлабелира, ткъа ИбрахӀим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара. 23Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хӀаллакбан дага-м ца деана Хьуна? 24ХӀун хаьа, цу гӀалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХӀетте а и гӀала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гӀалех къинхетам бийр бац Ахьа? 25Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»
26ТӀаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гӀалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гӀалех къинхетам бийр бу».
27ИбрахӀима элира: «Новкъа Ӏуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хӀутту, Хьалдолу Эла. 28Масала, пхиъ тӀе а ца тоьъна, гӀалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тӀе ца тоьъна аьлла, ерриг а гӀала йохор ю Ахьа?»
Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гӀала йохор яц».
29Юха а хаьттира ИбрахӀима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гӀала?»
«Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гӀала», – жоп делира Хьалдолчу Эло.
30«Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгӀаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гӀалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» – аьлла, хаьттира ИбрахӀима.
«Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», – жоп делира Хьалдолчу Эло.
31ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гӀалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?»
Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц».
32Юха а вистхилира ИбрахӀим: «Хьалдолу Эла, оьгӀаз ма гӀахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гӀалахь?»
Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц».
33ИбрахӀимца долу къамел чекх а даьккхина, дӀавахара Веза Эла. ИбрахӀим а шен цӀа юхавирзира.
ప్రస్తుతం ఎంపిక చేయబడింది:
Доладалар 18: CHE
హైలైట్
షేర్ చేయి
కాపీ
మీ పరికరాలన్నింటి వ్యాప్తంగా మీ హైలైట్స్ సేవ్ చేయబడాలనుకుంటున్నారా? సైన్ అప్ చేయండి లేదా సైన్ ఇన్ చేయండి
© Институт перевода Библии, 2012

: