Доладалар 21
21
Исхьакх дуьнен чу валар
1Везачу Эло Сарат декъалйира, цуьнга Ша аьлларг кхочуш а дина. 2#Ӏебархошка 11:11. ИбрахӀим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кӀант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. 3Сарата винчу кӀентан цӀе Исхьакх (иза Ӏебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахӀима. 4#Доладалар 17:12; Векалийн 7:8. Исхьакхан бархӀ де кхаьчча, ИбрахӀима иза сунтвира, Дала шена тӀе ма-диллара. 5ИбрахӀиман бӀе шо дара, цунна Исхьакх вича.
6Сарата элира: «Дала суна елар делла, хӀора а, кхунах лаьцна хезнарг, соьца воьлуш хир ву». 7Кхин а цо элира: «Хьан эр дара ИбрахӀиме: „Сарата бер дакхор ду“, – аьлла? Амма ас ИбрахӀимна, иза къена воллушехь, кӀант вина».
ХӀажар а, ИсмаьӀал а эккхор
8Исхьакх воккха хуьлуш вара. Иза вакхочуьра дӀавоккху хан тӀекхаьчча, ИбрахӀима доккха той хӀоттийра. 9Саратна арахь, ца вешаш, воьлуш ИсмаьӀал гира. Иза гӀарбаш йолчу мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна вина кӀант вара. 10#Галатахошка 4:29, 30. Сарата элира ИбрахӀиме: «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта сан кӀантаца Исхьакхаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац!»
11ИбрахӀим дог доьхна вара, шен кӀантана ИсмаьӀална сагатдеш. 12#Римхошка 9:7; Ӏебархошка 11:18. Амма Дала элира цуьнга: «Са ма гатде хьайн кӀантана а, гӀарбашна а! Саратна мел луъург де! Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю, 13амма Ас оцу гӀарбашан кӀантах а халкъ схьадолуьйтур ду, иза хьан кӀант волу дела».
14Ӏуьйранна гӀаьттинчу ИбрахӀима, бепиг а, пӀаьлдиг#21:14 ПӀаьлдиг – тӀаьрсиган тӀоьрмиг. чохь хи а делла, кӀантаца ХӀажар дӀахьажийра. ДӀайоьдуш, Беар-ШабаӀ цӀе йолчу яьссачу арахь тилаелира иза. 15Кестта хи кхачийра. Цхьана кулла кӀел кӀант охьахаийра ХӀажара. 16Ӏодан чӀу кхуссучул гена а яьлла, сецна, охьахиира иза. Хи а доцуш висина шен кӀант леш ган ца лаьара цунна, цундела, охьа а хиина, йоьлхуш Ӏара иза.
17Далла хезира кӀант ша Ӏуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХӀажаре: «ХӀун хилла, ХӀажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кӀант воьлхуш. 18Яха а гӀой, куьг а лаций, дӀавига иза. Ас доккхачу халкъан да вийр ву цунах».
19Дала ХӀажаран бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха цунна чохь хи долу гӀу гира. Цо, тӀеяхана, пӀаьлдиг хьала а буьзна, кӀантана хи делира.
20КӀант воккха хуьлуш вара, цуьнца Дела вара. Яьссачу арахь Ӏаш волу ИсмаьӀал, говза Ӏад лелош волу таллархо хилира. 21Нанас цунна Мисар-махкара зуда ялийра. Паран цӀе йолчу яьссачу арахь Ӏаш бара уьш.
Беар-ШабаӀехь бина барт
22 #
Доладалар 26:26. Абу-Малика а, цуьнан тӀеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахӀиме: «Ахь дечу массо а хӀуманна тӀехь хьоьца Дела ву. 23Далла хьалха суна чӀагӀо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тӀаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хӀокху хьо тӀевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий».
24ИбрахӀима жоп делира: «ЧӀагӀо йо ас».
25ТӀаккха ИбрахӀима Абу-Малике бехк баьккхира, цуьнан ялхоша хи чохь долу гӀу дӀалаьцна аьлла. 26Абу-Малика элира: «Ахь соьга иза ца аьлла, ткъа таханлера де тӀекхаччалц суна и ца хезна!»
27ТӀаккха ИбрахӀима, уьстагӀий а, бежанаш а далийна, Абу-Маликана делира. Иштта ИбрахӀима а, Абу-Малика а барт бира. 28Кхин ворхӀ жий жа юкъара дӀакъастийра цо. 29«ВорхӀ жий дӀакъасторан хӀун маьӀна ду хьан?» – аьлла, хаьттира Абу-Малика.
30ИбрахӀима жоп делира: «Нагахь ахь хӀара ворхӀ уьстагӀ дӀаэцахь, ас и гӀу яккхаран тоьшалла хир ду иза». 31Цундела тиллина цу гӀунан цӀе Беар-ШабаӀ («чӀагӀонан гӀу» бохург ду иза) аьлла, цу шиммо оцу меттехь шайна юкъахь чӀагӀо йина дела. 32Беар-ШабаӀна уллохь барт бина чул тӀаьхьа, Абу-Малик а, цуьнан тӀеман хьаькам Пихал а ПӀелаштам-махка юхавеара.
33Беар-ШабаӀна гена доццуш тамариск цӀе йолу дитт а доьгӀна, цу меттигана уллохь Везачу Эле, гуттар а волчу Деле кхайкхира ИбрахӀима. 34ПӀелаштам-махкахь, тӀевеана стаг а хилла, дуккха а йолчу хенахь Ӏийра иза.
ప్రస్తుతం ఎంపిక చేయబడింది:
Доладалар 21: CHE
హైలైట్
షేర్ చేయి
కాపీ
మీ పరికరాలన్నింటి వ్యాప్తంగా మీ హైలైట్స్ సేవ్ చేయబడాలనుకుంటున్నారా? సైన్ అప్ చేయండి లేదా సైన్ ఇన్ చేయండి
© Институт перевода Библии, 2012

: