1
Доладалар 9:12-13
Делан Йозанаш
ТӀаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чӀагӀдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хӀуманца а, тӀейогӀучу массо а ханна, барт бар. ХӀара ду и тоьшалла: стелаӀад хӀоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан.
对照
探索 Доладалар 9:12-13
2
Доладалар 9:16
Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаӀад гича, дагабогӀур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хӀуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт».
探索 Доладалар 9:16
3
Доладалар 9:6
Цхьана стага адаман цӀий Ӏанийнехь, цуьнан цӀий а Ӏанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цӀий Ӏанийна дела.
探索 Доладалар 9:6
4
Доладалар 9:1
ТӀаккха Нохьа а, цуьнан кӀентий а декъалбеш, Дала элира цаьрга: «ТӀаьхье стам а луш, деба а дебаш, латта дузийла аш.
探索 Доладалар 9:1
5
Доладалар 9:3
Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хӀинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хӀума а дӀало Ас шуна юучунна.
探索 Доладалар 9:3
6
Доладалар 9:2
Шух кхера а кхоьруш, шуна хьалха ега а еш, хуьлийла лаьтта тӀехь мел йолу акхарой а, стигалахь мел долу олхазарш а, кху лаьттахь лелаш мел йолу текхаргаш а, хӀорда чохь мел долу чӀерий а. Шун кара дӀаделла Ас и дерриге а.
探索 Доладалар 9:2
7
Доладалар 9:7
Ткъа шу деба а деба, шайн тӀаьхье стам а е, дӀаса а даржа лаьтта тӀехь, алссам а довла цу тӀехь».
探索 Доладалар 9:7
主页
圣经
计划
视频